— Бу аьлла, хеташ-м ву со. Цу тӀе а, кхин цхьацца хӀилланаш а ма ду цигахь.
— ХӀуманаш чухьой вайшимма хӀинца? — элира кӀанта. — ТӀаккха, ов схьа а эцна, сардинаш бан гӀур ву со.
ГӀикхна тӀе а вахана, хӀуманаш схьаийцира цушимма. Воккхачу стага мачта йохьура шен белша тӀехь, кӀант, чохь хӀоьзнаш деш, гулйина мокха леска а, гафель¹ а, чаьнчакх а йолу дечиган йаьшка йохьуш вогӀура. Кхоллург чохь йолу йаьшка гӀикхан дукъна бухахь йолура, йуххехь Ӏуьллуш даккхий чӀерий хьаладохуш, уьш тентакдаха лелош йолу чхьонкар а йолуш. Цхьаммо а воккхачу стагана къоладарна кхерам бацара, амма гата а,йе за леска а цӀайахьар гӀолехь дара, тхи тӀедиллар дика дацара царна. Меттигерчу наха шена къоладийриг цахиларх ша мел тешна велахь а, амма чаьнчакх а, гафель а стаг хьего бухахь бита оьшуш гӀирс бац аьлла, хетара воккхачу стагана.
И шиъ, воккхачу стеган тоьла йолчу хьала а вахана, даима йиллина лаьттачу неӀарх чоьхьавелира. Воккхачу стага гата тӀехьарчийна мачта пенах дӀатовжийра, кӀанта йаьшка а, кхиболу гӀирсаш а цунна йуххе охьабехкира. Мачта чоьнан берриг а пен дӀалоцушйе ха йара. Guano² цӀе йолчу пальмин дуткъачу серех йина йара тоьла, цу чохь маьнгий, истол, цхьа гӀант а дара. Боьхачу цӀенкъа йуккхехь кӀоран тӀехь йуург йан кечийна меттиг а йара. Йукъ-кара нисбеш guano андийчу гӀа-гаьннех бинчу боьмаша пена тӀехь кхозуш Везачу Ӏийсан а, Мареман а иконаш йара. Уьш цуьнан цӀийнненах йисина безаман хазна йара. Хьалха цуьнан цӀийнненан хаза кечдина сурт а дара пенах кхозуш, амма и мосазза го, шен цхьалла халонга йолучу цо дӀадаьккхинера иза. ХӀинца сонерчу терхи тӀехь, цуьнан цӀеначу куча кӀелахь дӀадиллина дара.
— Йа хӀун йу хьан? — хаьттира кӀанта.
— Цхьа йай дуга ду, чӀара а. Кхоллий ахь?
— ХӀан-хӀа, цӀахь йуур йу ас. ЦӀе латайай ас хьуна?
— ХӀан-хӀа. ТӀаьхьо айса латор йу ас. Шийла долуш а даа мегар дара иза-м.
— Ов дӀадахьа мегар дуй ас?
— Ду, дера.
Ов дан а дацара, кӀантана дагадогӀура шаьш иза доьхкина. Амма хӀоразза а и долу моттаргӀа йора. Дуга а дацара йай чохь, йа чӀара а бацара, иза а хаьара кӀантана.
— Ирсе терахь ду дезткъе пхиъ, — элира воккхачу стага. — Цхьа эзар пунт сов дилха диллинчу цхьаъ балош со веъча, муха хетар дара хьуна?
— Ов схьа а эцна, сардинаш бан воьду со. Пурхахь, малхехь, жимма хьиъна Ӏийр вуй хьо?
— Ву. Селханлера газет ду сан, бейсболах лаьцна доьшур ду ас.
¹ Гафель — гӀикх тӀехь гата къовлуш йуьллу дечиг.
² Guano — пальма диттийн тайпа.