Газет голаш тӀехь Ӏуьллура, цуьнан куьйган мохь тӀебоьжна диснера иза суьйрана баьллачу гӀийлачу махо дӀададорах. Когаш берзина бара.
Иза иштта Ӏилла а витина, кӀант дӀавахара. ТӀаьхьо, иза йухавеъча, воккха стаг хӀинца а набъеш вара.
— ХьалагӀоттий хьо? — аьлла, шен куьг воккхачу стеган гоьли тӀе диллира кӀанта.
Воккхачу стага бӀаьргаш схьабиллира, цхьа ханна мӀаьргонна цхьа генара йухавогӀуш лаьттира иза. ТӀаккха гӀийла къежира.
— ХӀун ду боху ахь? — хаьттира воккхачу стага.
— ХӀума йа, — элира кӀанта. — ХӀума йуур йу вайшимма хӀинца.
— Кхин меца а вац со-м.
— Схьаволахьа, хӀума кхаллахьа. ХӀума а ца йууш, чӀара лацалур бац хьоьга.
— Бу дера-кх, — воккха стаг, шен керара газет гӀила а доккхуш, хьалагӀаьттира.
ТӀаккха йургӀа дӀалиста вуьйлира иза.
— ЙургӀа хьайх хьарчадай дитахьа, — элира кӀанта. — Суна чохь са мел ду, ахь, хӀума а ца йууш, чӀара лоцур бац-кх хьуна.
— ТӀаккха дуккха а вахалахь, хаза лар а луш, — элира воккхачу стага. — ХӀун йу вайгаьхь йаа?
— Ӏаьржа кхоьаш, дуга, кхерзина бананаш, кхин цхьа жижиган цуьрг а.
КӀанта ши гӀап йолчу контейнер чохь йеанера йург Террассера. Ши урс а, мӀара а, Ӏайг а беанера, хӀора а кехат йукъа дӀа а хьарчийна.
— Хьан йелла хьуна хӀорш?
— Мартина. Кафен долахочо.
— Баркалла ала деза ас цунна.
— Ас аьлла хьуна цунна, — элира кӀанта. Ахьа кхин баркалла баха оьшуш дац хьуна.
— Ас боккхачу чӀеран зорх¹ лур бу цунна, элира воккхачу стага. — Иштта гӀуллакх вайца хьалха а диний цо?
— Дина моьттуш-м ву со.
— ТӀаккха зорхал совйаьккхина кхин а цхьа дилханах хӀума а йала йеза цунна.
— Ши шиша йий а даийтина цо.
— Йий банканаш чохь дерг дика хета суна.
— Хаьа суна. Амма хӀара шишанаш чохь дерг ду, «Хатуй» цӀе йерг. Шишанаш дӀахьур ду ас.
— Дукха дика хир ду. ХӀума йаий вайшимма?
— Хьоьга и бохуш воллура со-м, — элира кӀанта кӀеда. — Контейнер хьо валлалц схьа ца йоьллуш Ӏаш вара со.
— ХӀинца со кийча ву-кх, — элира воккхачу стага. — Йуьхьах хи тухуш вара со.
«Мичахь йуьлу-те ахь йуьхь? — дагадеара кӀантана. Йуьрта хи диллина биргӀа некъал ... урам лахахь йара. — Хи дан деза ас кхунна, — ойла йора кӀанта. — Саба а, цхьа дико гата а. Сел ... доцуш хӀунда ву те со? Кхунна Ӏай лело цхьа коч пиджак а, мачийн цхьа таро а, кхин йургӀа а дан деза ас».
¹ Зорх кийрара хьеран меже (желудок).