— Ахь деана жижиг-м чӀогӀа чомехь хилла, — элира воккхачу стага.
— Дийцахьа, хӀун дара оцу бейсболехь? — хаьттира кӀанта.
— Ӏаьмаркан лигехь, ас ма-аллара, «Янкиш» хьалха бу, — элира воккхачу стага самукъане.
— Селхана эшийна уьш, — элира кӀанта.
— Иза-м доккха хӀума дацара, Ди-Маго хӀинца а, ша хьалха санна, буьрса ву.
— Кхин а масех стаг командина йукъаэцна цара.
— Тера ду. Делахь а, цо кхин башха хийцам бийр бац. ШолгӀачу лигехь, Бруклинна а, Филаделфина а йукъахь аьлча, ас Бруклин хоржур йара. ТӀаккха вукхеран Дик Сислер а, церан форвардаш а дагабахкийтича...
— Иштта чӀогӀа команда цкъа а хилла а хир йац. Сислера санна, гена буьрка тухуш суна цкъа а гина дац.
— Иза Террассе вогӀуш дагадогӀий хьуна? Цуьнга, чӀерий леца вогӀий аьлла, кхайкха дагахь ма вара со, делахь а, эхь хетта, ӀадӀийра-кх. ТӀаккха ас хьоьга аьлча, иза кхайкха, хьо а, эхь хетта, ӀадӀийра.
— ДагадогӀу суна. Доккха гӀалат дара иза. Иза вайшинца ван а там ма бара, тӀаккха валлалц дийца хӀума хир дара вайна.
— Буьрса Ди-Маго вуьгур вара ас чӀерий леца, — элира воккхачу стага. Схьадийцарехь, цуьнан да а хилла, боху, чӀерийлецархо. Иза а, цхьана хенахь, вай санна, цхьа миска хилла хила тамбу, цундела вайх кхета там бара иза.
— Сислеран да-м цкъа а ца хилла къен, иза да-те¹, сан хенара ша волуш а хьалхарчу лигашкахь ловзуш хилла.
— Со хьан хенара волуш, Африке доьдучу гатанан кеманахь лелаш вара, цигахь суьйренца, хин йистехь гул а лой, Ӏохкуш лоьмаш гора суна.
— Хаьа суна. Ахь дийцинера соьга.
— Стенах дуьйцу хьуна, Африкех йа бейсболах?
— Бейсболах, — элира кӀанта. — Нуьцкъал Джон Мк’грох лаций дийцахьа суна. — Джон меттана Жота олуш йаьккхира цо цӀе.
— Иза а вогӀура наггахь Террассе, хьалха. Амма иза чӀогӀа кӀоршаме стаг вара, маттана маьттаза а, мелча, хала а. Бейсбол а, говраш а бен, кхин коьртехь хӀумма а дацара цуьнан. Даима киснаха хохкучу говрийн исписка а хир йара хьуна цуьнгахь, наггахь телефонехула къамел деш оцу говрийн цӀерш а йохура цо.
— Воккха менеджер хилла иза, — элира кӀанта. Сан дена иза массарал дика ловзург хета.
— Иза кхуза вогӀуш хилла дела, — элира воккхачу стага. — Хуура дар-кха, Доручер, иза санна хӀора шарахь а кхуза вогӀуш хиллехь, хьан дена иза хетар вара-кх хьуна массарел чӀогӀа.
¹ Да-те — Сислин да.