— Бакъал, уггар говза менеджер мила ву-те, Лика йа Майк Гонзалес?
— Суна хетарехь, и шиъ цхьатерра хир ву.
— Уггар говза чӀерийлецархо-м хьо ву хьуна.
— Вац. Кхин тоьлларш а бевза суна.
— Que va, — элира кӀанта. — Дуккха бу чӀерийлецархой, царна йукъахь диканиш а бу. Амма хьо саннарг вац.
— Баркалла. Ахь хазахетийти суна. Вайна хетарг дохош цхьа а чӀара ма кхочийла-кх вайна.
— Иштта чӀара бан а бац-кха хьуна, нагахь хьан дегӀехь хьалха санна ницкъ белахь.
— Суна ма моьтту ницкъ ца хила а там бу соьгахь, — элира воккхачу стага. — Амма цхьацца корматаллаш йевза суна, цу тӀе лаам а бу.
— ХӀинца дӀатевжича, гӀолехь хир ду хьуна, Ӏуьйрана дегӀ дика хилийта. Ас хӀуманаш Террассе охьахьур йу.
— Делахь, буьйса дика хуьлда! Ӏуьйранна ас самавоккхур ву хьо.
— Со самавоккхург ма ву хьо, — элира кӀанта.
— Баккхий нах хьалххе сама хӀунда буьйлу те, церан де дахдархьама дуй те иза?
— Ца хаьа суна-м, — элира кӀанта. — Къоначара дукха а, чӀогӀа а наб йой-м хаьа суна.
— ДагадогӀу суна иза, — элира воккхачу стага. — Ас Ӏуьйранна гӀаттор ву хьо.
— Цо гӀаттош ца деза суна, со цхьа йалхо волу санна.
— Хаьа суна.
— Делахь, буьйса дика йойла.
КӀант аравелира.
Йуург, стоьла тӀехь латийна чиркх а боцуш, боданехь йиънера цушимма.
Воккха стаг, шена тӀера хеча дӀа а йаьккхина, маьнги тӀе охьавижира. Хеча хьарча а йина, гӀайбин меттана гӀевланга йиллира цо, газет йукъа дуьллуш. Пурженаш Ӏитта ца йалийта, маьнги тӀе тийсинчу шира газеташ тӀе а вижна, йургӀана а хьаьрчина, наб йора воккхачу стага.
Дукха хан а йацара иза дӀавижна. цунна гӀан го...ша — Африкехь, ша жима бер долуш, можа-дашо йеха хин йист, хьаьжча, бӀаьргаш а лазош, сирла. ТӀаккха цхьа лекха тарх¹, мокха, буьрса лаьмнаш. Оцу хи йистехь вехара иза хӀинца хӀора буьйсана а, шен гӀенашкахь цунна хезара ловзабаьллачу хӀордо ӀоьгӀу мохь, цу чохь меттигерчу нехан кегий гӀикхаш гора, хи йисте догӀуш. Церан палубийн даххашна тӀедиллинчу силаман хьожа а кхетара цунна набарха. Ӏуьйрана дайн дерзо йохьу Африкин хьожа а кхетара.
ХӀоразза а оцу дерзо йохьу хьожа кхетча, самаволура иза, тӀаккха, тӀе хӀума а йухий, кӀанта самаваккха воьдура.
¹ Тарх — хи йистехь берд (мысь).