Цкъа цхьана йуьртахь, шен карах стаг велча, цуьнан гергарчу нахана хьалхара ведда воьду стаг, чӏирхой тӏаьхьакхиа боьлча, ша хьалха тӏенисвеллачу керта а иккхина, цӏа чуьра арайаьллачу йоккхачу стеган кач дӏаса а оьзна, цуьнан некха тӏе воьжна.
Баттара тарраш, шаьлтанаш йаьхна, тоьпаш карахь керта лилхина чӏирхой, йухабевлла, севцча, тӏаьххье айъина керта дан дезна вийначун дакъа. Йоккхачу стеган цхьаъ бен воцчу кӏентан дакъа.
«Нах! Хӏара стаг со йолчу хьошалгӏа иккхина, хӏокхо сан некхах балдаш хьакхийна. Велларг а сан ву, и вийна хӏара а сан кӏант ву. Хӏокхуьнан чӏир йекха пурба дац шуна».
Бесехьате шен кара кортали а тохийтина, цуьнга шен сира месаш гучуйахийтарца цунна эхь ца дан сацийра капитано.
– Дика ду, Бесехьат. Дӏагӏур ву со. Хьан дехар йуха а тоьхна, эхь ца дан, ӏедалан декхарх воьхна, эхь тӏелоцур ас…
Масех минот йалале керта веара ткъе итт шо хенара хӏусамден кӏант. Хӏинца цуьнан йукъахйихкина цхьа шаьлта хилла ца ӏара. Коча тесна тур а, доьхкарх оьллина тапча а, букъа тӏехьа кхозуш топ а йара. Оцу минотехь дехьа чуьра аравелира иштта герзаца кечвелла цул жимахволу ваша а. Дукха хан йалале керта гулвелира ткъех стаг. Церан тоьпаш, беттанаш чуьра схьа а йаьхна, тӏамна кийчча каралецна йара.
Забарина дацара и нах кху керта гулбалар. Кхерам гергакхаьчна хиларан билгало йара иза. Шайн хьаша ларван, цуьнан коьрта тӏера чо ца божийта, шайн синош дӏадала сацам хилла, гулбеллера и тийна лаьтта Шахьболатан гергара нах.
Маьркӏажал тӏаьхьа хӏорш, байн ког боккхуш, йуьртах арабовлуш, кхарна тӏаьхьакхиъначу пурстоьпана вевзачу веданхочо пакет кховдийра цуьнга. Шаьш йуьртах ара а девлла, хьуьна чу девлча, пакет схьа а йаьстина, дӏакховдийна, шена уллорчу дошлочуьнга сирник латайайтира цо. Кехата тӏехь боцца масех могӏа бара:
«Веданан округан 2-чу участкан пурстоьпе, капитане Пруссаковга.
Хьайн участок йитина, Кешане-гӏопе дӏаваха пурба ду хьуна. Хьайна тӏе керла приказ кхачаре ладоьгӏуш, цигахь саца.
Веданан округан хьаьким полковник Авалов»
Пуьрстоьпан даг тӏера бала айъабелира. Доккха са а даьккхина, букъ нисбира цо.
Йуькъачу варша йуккъехула гӏашлойн новкъа кӏеззиг