дӏабахча, жимачу ирзо тӏе бевлира дошлой. Кхузахь, нуьйраш техкина, кийчча лаьтташ йара ткъех сов говр а, масех стаг а, цаьрца Шахьболат а. Уггар дика говр дӏа а лаьцна хӏоьттина лаьттачу жимачу стага, иза пурстоьпана тӏе а йалийна, куьйган ишарца хьалавала элира цуьнга.
Цхьа ткъех минот йалале, дошлойн колл жимачу ӏинах дехьайелира. Уьш хӏинца аьккхийн махка тӏехь бара.