Сан миска халкъ, байлахь дисна къам,
Мича къила доьжна-те хьо,
Сел дукха бохамаш ган?
Ш. Петефи. Дахар йа Іожалла
Нохчмехкан стигалахь дорцан мархаш гуллуш хилар масех шо хьалха дуьйна тосаделлера наношна. Амма уьш, цкъа тӏе а кхозалой, йуха а дӏасайаьржара. Дӏадаханчу шарахь, хӏинца-м доладели хӏара аьлла хеттачу хенахь, ӏай тоьхначу ткъесо санна, цӏеххьана стигал а къагийна, дарц ца долуш дисира.
Бакъду, Айзин дагна кхин а цхьа чов ца йеш ца ӏийра и шо. Ткъа шо хан а тоьхна, шийлачу Сибрех хьажийна ӏела веллачу новкъа лорура цо.
Ирс – ирсана тӏе, бала – балина тӏебоьду, олу. Изза ду Айзина хуьлуш дерг а. Ӏеле йеачхьана, ва Дела аьлла, ког хӏоттац цуьнан. Айза шега йеачхьана, даим дӏа халкъо ӏедална дуьхьал латточу къийсаман жигара дакъалацархо вара иза. Тӏаккха, хӏара шина бераца цӏахь а йуьтуш, Хонкара вахара майра. Цигара иза цӏа вирзича, жимма чу садеара мискачу зудчунна, амма иза а марахдаьккхира цкъа да, тӏаккха нана кхалхарой, стохка гурахь майра лацарой.
Айзина наб кхетац тховса. Кхин бӏеннаш наной санна, цкъа, арайолий, йуьрта ладоьгӏуш, тӏаккха, чу а йогӏий, метта дӏа а кхетий, бодашкахь бӏаьрнегӏарш детташ, жимма ӏуьллий, гӏоттий, йуха а арайолура иза. Хӏинца а цӏа ванза ву жеррахь араваьлла ши кӏант. Цуьнан, кийра гатбелла, дог тохаделира, хьешан цӏа чохь пенах кхозуш майрачун герзаш ца карийча. Уьш а дихкина, эвла йуккъе ваьллера ӏумаррий, ӏусманний. Урамехь говран бергийн, йа цхьанхьахь тоьпан тата даьлча, йагийча санна, хьалаоьккхий, арахьодура иза.
Йохийна зингатийн туьйлиг санна, сийса Гати-Юрт селхана дуьйна. Хӏара наной дукха кхийрина дарц хьаьвзинера хӏаваэхь. Кхузара Акхта, баттара даьккхина тур лестош, йуьртан майдана хьийзара. Цунна тӏаьхьахІоьттина вара йуьртара, цхьа иттех воцург, массо боьрша стаг. Йуьртден канцелярехь долу дерриг кехаташ ара а даьхна, барз бина, цӏе тесна, чим беш, дагийра. Хортӏин, Товсолтин, кхин масех хьолахойн керташкара йалта а, даьхний а, маьждиган майдана а гулдина, йуьртарчу мискачу нахана дӏадекънера. Тахана цкъа-м шайн хирг деш бу нах, кхана хӏун хир ду-те? Кхана Гезла-Эвларий, Хаси-Юьртарий