Тӏаккха, ведда вахана, кхоссавелла Янаркъина тӏехьа говра а хиъна, накъосташка куьг ластийра цо.
Яковн беснеш тӏехула охьа бӏаьрхиш шершира…
ДІайаханчу буса Акхтина тӏедиллинера, кху гондӏарчу йарташкахь гӏаттам болоран дог хила безачу гатийуьртахойн бӏоца Гезлойн-гӏопана кхо чаккхарма уллохь лаьтта Ишхойн-Юрт дӏа а лаций, цига дӏайогӏу йолу йисинчу йартийн тобанаш цхьаьна а тохий, БІаьн-Некъаца йолу зӏе а йохайай, Хаси-Юьрта тӏе дӏагӏо аьлла.
Оццу хенахь Хаси-Юьрта дӏакхача йезара Ямсуций, Яркхсуций йолчу йартийн гӏовттамхойн отрядаш а.
Акхта шек вацара ишхошца долу гӏуллакх кхиамца чекхдериг хиларх. Амма, хӏорш йоргӏахь Ишхойн-Юьрта йисте кхаьчча, цигахь гиначу суьрто цецваьккхина, иза цхьана ханна акъваьлла висира. Яьссин йистаца йуькъачу хьуьн чухула цхьалха могӏа бина боьду бӏо эвлан йисттерчу хьаьрма баьлча, иза тӏенисвелира, кӏайн байракх айбина, гу тӏехь лаьттачу масех стагана. Цаьрца вара йуьртан молла а, къеда а, шиъ хьаьжо а. Дехьо лаьттара бӏеннал сов зударий, бераш. Кӏайн байракх гича, вуьйхира Акхта. Ца хаьара, ишхой шайн муьтӏахьалла гойтуш бу йа дийцарш дан баьхкина. Муьтӏахьалла гойтуш хилча, царна дуьхьалбаьхкинарш герзаца кечбелла нах хила безара. Атталла Акхтагӏеран бартахойх цхьа а стаг а вац гуш! Хӏун хилла-те царах? Нагахь Ишхойн-Юьртахь цхьа гуш боцу хийцамаш хиллехь, хаам хӏунда ца бина хӏокхеран бартахоша? Акхта гӏеххьачул воьхна хьаьвзира, амма, шен дагара ца хоуьйтуш, говр боларх ца йохош, векалшна улло тӏе а вахана, цӏеххьана урх йуха а оьзна, говр сацийра цо:
– Хӏара хӏун кӏайн байракх йу аш арайаьккхинарг? – тӏевегавелира иза ишхойн векалшна. – Зударий хӏунда бевлла имаман бӏо тӏеэца йуьртал ара? Мичахь бу шун боьрша нах?
Карзахе, къармазе бу бохуш,
Нохчмахкахь цӏе йаханчу гатийуьртахойн ах бӏе дошло, хьуьнна чухула схьабогӏучу некъаца ара а ваьлла, йуьртехьа а вирзина, ах-го беш дӏахӏоьттича, чхамъаьлла хийтира ишхойн векалшна. Ткъа хӏара, хӏокхарна хьалха и шен йоккха ӏаьржа говр хелхайоху Акхта а, куьйгана сиха ву бохуш, гӏараваьлла вара.
– Тхо машар безаш арадевлла, Акхта, – вистхилира боьмашчу холхазан лекхачу куйнна гонаха