хьарчийна, ло санна, кӏайн, йеха чалба а, гӏеххьачул тӏедаьллачу гай тӏехула дихкина ӏаьрбийн шуьйра доьхка а долу Тарам-Хьаьжа. – Тхан йуьртана оьшуш дац аш вовшахдетта гӏуллакх.
Хӏинца кхийтира Акхта кхузахь цхьана къайлехь лаьтташ йамартло хиларх.
– Оха вовшахдетта гӏуллакх тхан дендех БацІарех дисина-м, ца моьтту хьуна? – аз айдира цо. – Хӏара-м халкъан гӏуллакх дай! Шен коьртехь цӏарна а цӏе йахана къонахий а болуш!
– Цара а, аш а лелориг сонта хӏума ду, Акхта. Керста паччахьал тоьлур дац шу. И ца хуу стаг ӏовдал ву.
– Акхта, луларчу шина йуьртахь деха вай, вовшашна девзаш ду, гергарлонаш а ду йукъахь, – йукъавуьйлира молла ӏаьршак. – Тхан эвла цагӏертар доьху шуьга. Тхо бӏаьн некъа йисттехь ма ду, Гезлойн гӏопах ха а тоьхна Іаш. Цигара схьатоьхначу йаккхийчу тоьпаша сохьтехь отур йу тхан йурт. Сохьтехь Хаси-Юьртара эскарш а кхочур ду кхуза.
– Ой, дела хила шун шайн ворхІе дена неӏалт! Гати-Юрт йац ткъа кхузара дӏа мохь тоьхча хезехь? – оьгӏазвахара Акхта. – Йа, шун йуьртал тӏехбевлча, когаш лехна, совцур бу и салтий? Йа тхан йурт, тхан доьзалш шучел оьшу?
– Хӏораммо шен-шен коьртах жоп лур вай, Акхта, – вусавелира Тарам-Хьаьжа. – Тхо цхьаьнцце дов оьшуш нах дац. Хӏара ӏедал тхуна мега. Тӏехула тӏе, муьлхха ӏедал а Делера ду, ӏедална муьтӏахь цахилларг Далла дуьхьал ву, иза гӏопал[10] хир ву…
Корта агӏор а хьовзийна, дуьхьал куьг тесира Акхтас:
– Сан делан дуьхьа сацайелахь и зурма! КІордийна, дагах, сих, похах а чекхйаьлла суна иза! Шу цхьадолчарна Делера ду хӏара! Исс дол чалбанаш хьарчийна, горгачу гайшна тӏехула цхьа куьг шуьйра доьхкарш дихкина, хӏара зударийн гӏабалеш йуьйхина, кара суьлхьанийн кочарш а лецна лелачарна! Ткъа тхуна шайтӏанера ду иза. Хӏара зударий хӏун деш лаьтта, кхуза а хӏиттина?
– Ахь тхуна жоп ца лахь, дехарна йукъабовла…
– Ма декъаза йурт йу-кх зударий дехаре хьийсориг. Амма шуна моьттург а хир дац хӏокхунах! Хӏей, Аьрсамирза! ДІалаца и пхи стаг. Тӏаьхьа къастор вай сонтаниг а, хьекъалениг а.
Дошлойн могӏарера схьаваьлла ши бере, баттара тарраш даьхна, векалшна цхьацца агӏор хӏоьттира.
– Тхан байракх хӏунда ца лору аш? – бос баьхьна, мохь белира Тарам-Хьаьжин. – Вайн