– Маӏаш.
– Ван-м Дирша вара хьо. Маӏаш велхьара-м, тхоьца хир вара хьо. ХІетте а, хьуна тӏе цхьа декхар дуьллур ду ас, – шен месала куй, шедан кхаж ӏоьттина, хьала а теттина, тилла, шарделлачу хьаьжах шедан кхаж хьаькхира цо. – Хӏинца, меллаша дӏа а гӏой, тхан кост дӏакхетаде. Хӏара виъ стаг ас сайца дӏавуьгу. Нагахь лаьцна чувоьллина тхан ши накъост Жебар, Мутош тхуна тӏеваийтахь, ишхоша тхуна бӏе топ а, тапча а, мазал молха а лахь, Хортӏий, цуьнан кӏанттий йуьртах а ваккхахь, хӏара виъ стаг дӏавогӏур ву. Амма, пхи де далале цара тхан лаам кхочуш ца бахь, хӏорш Делан жоьжахате а хьовсор бу. Кхаьрга говраш а лой, цхьана веанга цхьаццанхьа тӏехьа хаа ала, Лорса! Бӏо суна тӏаьхьа нисбе.
Масех минот йалале Акхтин жима бӏо хьуьна чохь къайлабелира.