Паччахьаш хьерабовлу, ткъа
ахейцийн баккъаш кегло.
К. Г. Флак
Владикавказний, Грозныйний йуккъерчу некъан хӏор а чаккхарма эзарнал а йахйеллера Нохчмахкахь иккхинчу гӏаттамо тахана Грозный сихвина вогӏучу инарла-адъютантна Александр Павлович Свистуновна.
Областан начальник шера кхетара кху тӏеман заманахь Нохчийчохь болабеллачу гӏаттамо шена тӏедожийначу доккхачу жоьпаллин декхарх. Цигахь летта цӏе сихха дӏа ца йайъахь, и ун Дегӏастана даьржарг хиларан а шеко йацара. Нохчийн а, сванийн а, абхазийн а тхьамданашна йукъахь чӏогӏа барт хилар чӏагӏдеш, хаамаш Іохку Коьртачу штабехь. Гӏаттам лаьмнашкахула баржахь, цо хадор йу тӏеман коммуникаци. ТІаккха жоп хӏокхуьнга доьхур ду…
Селхана дара иза, даим санна, сапаргӏат гӏуллакхаш а луьстуш ӏаш. Йекхна гора Нохчийчоьнна тӏехулара стигал. Хьанна моьттура, иза цӏеххьана уггар аьтто боьхначу хенахь къевкъар йу. Цуьнан Императорски воккхаллин коронацин де даздеш, банкетехь хӏорш самукъадаьлла бохкуш, полковникера Батьяновгара телеграмма кхечира Кешанахь хиллачу гӏуллакхах лаьцна. ТІаьххье Аваловс а хаам бира, Нохчмахка гӏеттина аьлла. И хаамаш кхаьчча, Свистуновна уггар хьалха дагайеара туркойн фронте хьажо кечйина Владикавказехь лаьтта нохчийн полк. Хӏокху хьелашкахь иза кхузахь сецор кхераме дара. Хьанна хаьа, шайн махкахой гӏевттинийла хиъча, дошлоша шайн дой цӏехьа дерзадахь а. Цундела иза сихонца генна ломал дехьа йаккхийтира цо.
И полк вовшахтоха гӏерташ а къахьега дийзира цуьнан. Гӏуллакх доладалале, моьттура, шайн лаамехь эскаре бовла луурш оьшучул а тӏех хир бу. Милице ма хӏуьттура уьш атта. Церан гӏуллакхалла хала ма дацара: меттигерчу кордонашкахь гӏаролдар, почтан некъаш ӏалашдар, хьаькамашна ха латтор. Шайн йуьртана, доьзална гена а ца бовлуш. Шайна ло беттан йаллий, говрана хӏоъ ло ахчий доьзале а хьовзош. Нохчийн къелле хьаьжча, доккха хьал ма дара и нахарташ. Цундела милице доггах боьлхура уьш. Шайн говрашца, герзаца. Кхузахь тарлора тӏехаа биъ ког болуш ӏаспар хилча а.
Хӏара полк вовшахтухуш а бевлира дуккха а лаамхой. Масех полк вовшахтоххал. Берриг бохург санна,