бакъо йац сан. Иза вайн гӏорасизаллин билгало хир йара.
– Хьан локхалла, тхайгахьарчу гӏоьнна кийча ду-кх тхо, – элира Орцас, корта а таӏош. – Мелла а нохчашна йукъахь йаккхий зӏенаш йу тхан. Гергарлонашца а, вуьшта а.
– Хьан локхалле а, господа эпсаршка а дехар хир ду сан, – чохьболчу кхечу нохчашка а дӏахьаьжира Свистунов, – кху аренцарчу йарташкара берриг йуьртдай, молланаш, хьаьжой кхана схьакхайкхар.
– Пурба лохьа суна, хьан локхалла, – дехаре цӏевзира Беллик йуха а. – Пурба лохьа суна гӏала чӏагӏйан! Хьанна хаьа, мятежникаш гӏалина тӏелатахь а. Гонах окопаш йохуш, лаьттан брустверш йича, зене хир ма дац. Сан ницкъ бу адам вовшахтоха. Кхо де далале, гӏала чІагӏйина хир йу…
– Суна хетарехь, полковник, хӏара гӏала ша мятежникех дӏакхетачух ӏалашйечохь ду вайн гӏуллакх. Кху гӏалара къехой кхера-м муххале а ца кхоьрура царах, мелхо а, баккхийбе нохчийн бунтах. Цара шаьш схьа ма кхайкхахьара мятежникаш. Ткъа хьо уьш ларбан гӏерта…
Беллик йуха а гӏовгӏа йан воьлча, кӏордийра Свистуновна.
– Мегар ду, – куьг ластийра цо. – Мукъалла эладитанаш даржош лелачу мещанашка болх байта ахь. Кхечу гӏуллакхна пайденна уьш а бац.
Чувеанчу адъютанто, сотнико Габаевс, телеграмма йелира цуьнга. Кехат тӏехула бӏаьрг а кхарстийна, чохьболчарна тӏевирзира инарла:
– Господа, уггар хьалха гӏалахь низам хӏоттор оьшу. Доьхна хьийзар дӏадаккха. Бахархойн дог-ойла а айъа. Гӏалара эскарийн дакъош герз карахь кийча латтаде. Ткъа ахь, господин Чермоев, хьайн накъосташкахула вовшахтохий, кхана схьабогӏу болчу нахе Цуьнан Императорски Воккхаллин цӏарах адресаш кечдайта. Уьш муха хила деза ас хьеха ца оьшу. Шайн муьтӏахьалла гайтар царна шайна пайде хир ду. Хӏинца мукъа ду шу.
Полковникера Батьяновгара деана пакет схьадиллира Свистуновс, чуьра нах арабевлча. Шен рапорта тӏехь полковнико ма-хиллара йаздора кху тӏаьххьарчу деношкахь Аьккхахь хӏоьттина хьал: подполковник Петухов вер, Кешана-гӏопан говраш лахкар, аьккхийн йарташка ша йина таІзаран экспедици а.
«Шолгӏачу дийнахь, айса тоьхначу хенахь, кхаа агӏонгахула кхо батальон йахийтира ас цига, – йаздора цо. – Оцу ницкъех кхерабеллачу герггарчу