йарташкарчу бахархоша, сихха говраш тӏе а хевшина, мятежникашна тӏаьхьа а бахана, йерриг говраш ӏуьйранна Хаси-Юьрта схьайалийра.
Ас тоьхначу хенахь суна тӏевеара подполковник Петухов верна бехке волу виъ стаг а. Уьш виъ ирхъуллуш вен кхел йира тӏеман суьдо, и кхел сихха кхочушйира Хаси-Юьртахь. Ишттачу метте дуьххьара нисвелла со ӏаламат чӏогӏа цецваьккхира оцу веа стеган доьналло, майрачу ӏожалло а…»
«Ма худар кегийна-кх ахь, господин полковник, – корта ластийра Свистуновс. – Иштта таІзардар дика хила а мега. Кхерам таса беза оцу разбойникашна».
Оцу дийнахь гӏалин бахархошна шайна цкъа а цагинарг гира.
Маьӏ-маьӏӏехь урамашкахула, гӏали йуккъе, округан начальникан канцеляри йолчухьа тӏеоьхуш гора йарташкара схьабогӏу нохчий. Говрашкахь а, гӏудалкхаш тӏехь а. Де делкъенга гӏоьртича, канцелярина хьалхара майда къарзйира йоккхачу тобано. Кхуза баьхкинчех дукхахберш къена нах бара. Шуьйра кӏайн мажош, месалчу куйнех хьерчийна кӏайн чалбанаш йолуш. ТІедуьйхинчу духарх а хаьара уьш къечу нохчех боцийла. ХІоранна а тӏехь дикачу машин чоэш, исхаран, атлазан гӏовталш. Царна тӏехула йихкина детица кхелина шаьлтанаш, доьхкарш.
Ӏуьйранна дечкан пхьераша сихха аннех йиначу трибуна тӏе хьалабевлира инарла-адъютант Свистунов, эла Эристов, инарла Чермоев, Виберг, полковникаш: Беллик, Курумов, подполковник Чуликов. Царна йукъахь вара баьццара йеха оба а, коьртахь холхазан куйнна тӏехула хьарчийна кӏайн чалба а йолуш волу округан къеда Юсуп а. Хьаькамаш гучубевлча, дӏатийра тобанна йуккъера гӏовгӏанаш.
– Хӏорш ма кӏезиг хета суна? – Орцега хаттар дира Свистуновс, цуьнга дӏа а ца хьожуш.
– Органал сехьарчу йарташкара берриг баьхкина, хьан локхалла. Амма Йоккхачу Нохчийчуьрчу йарташкара кӏеззиг бен бац. Кхузара дукхахберш Шеларий, Гермчигарий, Гелдаганарий бу.
– Юсуп, дӏадоладел, – элира Свистуновс.
Кхечарна жимма тӏехьа озавелла лаьттачу Юсупа, цхьа гӏулч хьалха а ваьлла, доӏина ши куьг айъира.
– Субхьаналлахӏ, валхьамдулиллахӏ, ва лаилахӏа иллаллахӏ…
Майданахь лаьтта динан дай цецбевлира оцу дӏадолорах. Гӏуллакх чекхдолуш деш хуьлу доӏа хьалхенга таттарх