Кавказан къаьмнаш тахана Цуьнан Императоран Воккхаллин, оьрсийн паччахьан нуьцкъалчу тӏома кӏел ирсе, бертахь, цхьа вежарий хилла деха. Цунна тоьшалла ду, арахьара мостагӏ Россина чугӏоьртича, массо къоман кӏентий паччахь а, Росси а ларйан дахӏуьттуш хилар. Россин, вайн даймехкан, мостагӏий бу цергаш ирйеш. Тохаро бен сацош вац мостагӏ. Ницкъо бен йухатохац ницкъ. Цундела Кавказан массо къомо оьрсийн толамечу эскаршна гӏоьнна шайн полкаш вовшахтоьхна. Гуьржаша, эрмалоша, гӏажароша, хӏираша, гӏебартоша, чергазоша, дегӏастанхоша, гӏалгӏаша, кхин массара а. Цара дуьххьара гойтуш йац шайн муьтӏахьалла. Ала лаьа, тӏаьххьара туркошций, англичанашций, французашций Россин хиллачу тӏамехь дуккха а нохчаша дакъалацар а. Цара турпала хьуьнарш гайтира, вайн даймехкан мостагӏех леташ. Цуьнан Воккхалло Императоро эрна ца дитира нохчаша оцу тӏамехь хьегна къа а, ӏенийна цӏий а. Оцу тӏаме бахана нохчий орденех накхош, ахчанах кисанаш дуьзна баьхкира цӏа. Уьш хӏинца а бу ӏедало сий деш. Ткъа и шун аьрха амалш бахьана долуш, йеххачу хенахь мераберан хьолехь латтийначу нохчашна цуьнан императоран воккхалло кхушара йуха а тешам белла шен эскаре хӏитта. Амма нахана хаац паччахьо шайна диканиг оьхьийла. Шайга кховдийна къинхетаме куьг дӏалаца лаац. Вархӏий-вархӏий дайшкахь дуьйна майра тӏемалой, къонахий бу бохуш, дуьненахь а цӏейаханчу нохчашлахь тахана эскаре вала лууш эзар стаг а каравац. Къонахалла йайна шун? Майралла йоьжна? Герз лело хаац? Мичара! Тхан говраш йац, тхо къен ду бохуш, бахьанаш хӏиттадо. Аьшпаш! Маса бӏе дин бу кхузахь! Маса бӏе майра кӏант ву кхузахь! Дуьххьалдӏа шайн йухахьаралла, ца лаьа-кх! ХІуьттаре лело дуй биъча санна. Шун къоман сий лардан лууш, шуна йукъахь цхьакӏеззиг къонахий ларбинчу Далла бу хастам. Уьш Даллий, паччахьний муьтӏахь нах бу. Цара шайн кӀентий цуьнан воккхаллин кара дӀало…
Дайн ши мекх хьовзийна, адамийн тобанна тӏехула курра бӏаьрг кхарстийра Аваловс.
– Пурба ло суна оьрсийн толамечу эскарийн могӏаршка баха кечбелла шун йуьртан уггар тоьлла кӀентий, – шен карарчу кехата тӀе хьаьжира Авалов: – Хортаев Асхьаб, Товсолтанов Хьуьси,