Бораханов Саьӏид, Сатуев Солтха а Цуьнан Императоран Воккхаллин цӏарах декъалбан а, уьш кхетаме кхиийначу церан дайшна-наношна баркалла ала а! Шун некъ дика хуьлда, майра кӀентий! Бӏаьхаллин хьуьнаршца шайн къоман сий айъа аьтто хуьлда шун.
Тоьхначу тӏараша йуха а йекийра майда.
Эла Аваловн къамел гочдан хьалхавелира поручик Ойшин Чомакх. Паччахьо йекхачу шуьнехь важош вацара шен тешаме йалхо. Ал басахь цӏен беснеш, дуькъа, хьаьрса цӀоцкъамаш, царна бухахь хӏиттина къинхетамза бӏаьргаш, шад беш хабийна хьаьжайукъ. Тодеш, даим тӀе ка хьоькхуш латтош даккхий дуькъа, хаза мекхаш. Шуьйрачу некха тӀехь лепа мидал. Баьццарчу атласан гӀовталан ирахӏоттийначу коча йуккъе ӏаьвдина стомма ворта. Къамкъарг-м, хьаха, йац хӀумма а вон йекаш. Даьссачу маьждиг чохь санна, чӀогӏа а, шера а дека цуьнан аз.
Цо гочдечу элан къамелах ца бешаш, лохха беларш лелха нахана йукъахь.
– ЧӀогӏа ирсе деха!
– Хӏай, бӏаьрг ма хила вайна!
– Дела диса вай, оцу паччахьан и вай лардо тӀам а бойна, эрна!
Къайсарна тоххара кӀордийнера и къамелаш. Ден дагара хууш санна, цхьана меттехь саца ца туьгура цуьнан говр а.
– Дуьлойша, цӏа гӀо вай, ӏаьлбаг? – доттагӏчун белша тӏе куьг туьйхира Къайсара.
– Йукъара а къаьстина, дӏадахча, гӏиллакхе хир дац.
– Церан даьссачу хабаршка ладоьгӏуш ӏан деза ткъа?
– Собардер вай. Хӏинца а цхьаъ дан гӀерта уьш. Товсолта ву чардакха тӀе волуш.
Тахана йеха, баьццара оба а йуьйхина, лекхачу холхазан куйна гонаха, ло санна, кӀайн чалба а хьарчийна, детица кхелина шаьлта йукъах а йихкина, кечвелла Товсолта-Хьаьжа говрахь, меллашчу боларехь вахана, чардакхна хьалха хӀоьттира. Кху шийтта шарахь Товсолта-Хьаьжа дукха хийцавалаза висинера. Амма халла хаалуш букара хьаьвзинера хьалхалера нийса букъ. Белшаш а жимма охьайахча санна хетара. Шен къежвалар хьулдора цо. Корта цӏенна дӏабошура, ткъа маж-мекхана сих-сиха цӏен гӏина дуьллура.
Товсолта-Хьаьжина тӏаьххье, дикачу дойшна тӀехь вахана, цунна улло дӏахӀоьттира цуьнан кӀант Хьуьси а, Хортӏин Асхьаб а, Бораханан Саьӏад а, Сатун Солтха а. Дика кечвелла вара хьалхара кхоъ. Детица кхелина говрийн гӏирсаш, тӏедуьйхина цхьатера чоэш а,