Сайн дуй ас ларбина, сий деш.
И бицбеш минот сан йалахь,
Дуьне а, эхарт а къахьдеш,
Сох бекхам оьцийла Дала!
Ш. Петефи. Хьалхара дуй
Гати-Юьрта кӏел, Яьсси-хин йистонца, итт урд хиллал нийса йеакӀов аре йу. Йуьртарчу къеначу нахана а дага ца йогӏу, цигара хьун а хьаькхна, йага а йина, дӏа а йаьккхина, и аре леррина шарйеш тойина хан. ХІор а шарахь хуьлу хьуьнарийн хьийсарш дӏадахьа шайн дендайша кечйина йу иза, олу цара. Цхьана хенахь и тайпа деза денош, цара дийцарехь, сих-сиха хиллачух тера ду: бӏаьстенан оханаш долош а, гуьйранна йалташ чудерзийча а, ломара даьхний цӏа дирзича а.
Амма иза мацах цкъа хилла. ДІаихначу бӏешераша дуккхана а тӏе шен цӏеран сиз хьаькхна. ТІаьххьарчу шерашкахь кхузахь хьуьнарш къовсар вовшахтуху воцчунна кӏант вича а, йа Сибрехара, йа Хонкаран махкара, дуккха а хан йаьккхина, йуьрто лоруш волу къонах цӏа веъча а.
Кху арен тӏе дажа бежана лаллар а дихкина. Кхузахь гуттар а и сийна йолчу хенахь хьокхий дӏайоккху буц. БІаьстенан йуьххьехь а, гурахь а.
Кху меттигах Цӏеран Аре олу. И цӏе маца тиллина а, хӏунда тиллина а хаац цхьанне а. Нийса аьлча, цуьнан дуьхе кхиа гӏерташ стаг а ца ваьлла.
Хьеран тӏулг санна, говрийн бергаша аьгна хӏокху аренан го. Йукъ-йукъа лаьттах йийгӏина дечигаш йу, тӏехула пурх гӏуркхаш а тийсина. Цхьа аьрша кӏорга, кхоъ-йиъ аьрша шуьйра оьрнаш а ду. Ткъа майданна йистехьо, Яьссин лекхачу берда тӏе кхачале бӏе гӏулч сехьа, цӏе таса кечйина декъачу дечигийн йоккха чалх ӏуьллу. И гӏуркхаш а, оьрнаш а, цӏе а говрашца хьуьнарш къийса кечйина.
Беречо дӏахецна говр, хьалха цкъа оьрнашна, тӏаккха, цхьаъ вукхул лакха ойъуш, хӏиттийначу гӏуркхашна тӏехула а кхоссайелла, йоккха йогучу цӏара йуккъехула а йаьлла, кхин болар ца лагӏдеш, Яьссина тӏехула кхозучу лекхачу бердан йисте тӏекхачале, цхьа гӏулч сехьа цӏеххьана саца йеза.
Гонна говраш хахка меттиг а йуьтуш, чоьзна, йуккъехула говр йаха шуьйра некъ буьтуш, ши могӏа беш, мелла лаьттах дийгӏина дуткъа серий ду.
И кечам говрашкахь хьуьнарш къуьйсу долчарна бина. Амма къийсарш, ца долош, цхьаьнга-м хьийсош лаьттара. Оцу богӏу болчарна кечдина масех стаг тӏехӏоттал шуьйра, дагарца цостуш, даьхначу попан аннех дина лекха чардакх.