И йоллу аре дӏалаьцна адам лаьтта кхузахь. Геннара дуьйна хеза гуттар марсайаьккхина лоькхучу зурманан аз а, цхьанаэшшара чехка йеттачу вотанан гӏовгӏа а. Амма дойшна тӏехь а, хӏиттина лаьтташ а, басошца хевшина а сила долу и адам тапъаьлла дӏатийна, ладоьгӏуш сецна. Кхузахь инса а доцуш, цхьа эрна арахь долуш санна хета и лоькху зурмий, и йетта вотий.
Адамийн гонна йуккъехь, йеакӀовчу майданахь, лакхахь морзахйохуш хӏоттийначу йеа тагӏанна[1] тӏехула оьзначу говран мерзийн карса тӏехь ловзучу пелхьона тӏебоьгӀна бу массеран а бӏаьргаш. Иза Чӏебарларчу Гӏуш-Коьртара цӏарна а цӏейаханчу пелхьонийн Дистогӏеран доьзалера Ваха ву.
Некха тӏей, белшаш тӏей, букъа тӏей кхаакӏовн а, деакӀовн а жайнеш оьхкина, берхӏитта шо хенара Ваха, куьйгаша шарбина биъ аьрша гӏуркх кара а лаьцна, лаьттахь санна, эвхьаза ловзу карсан ӏаьржачу муьша тӏехь. Тӏаккха, йуьхьигаш чоьхьа а хьовзош, когех шаьлтанаш йихкина, цкъа хьалхахьа а, йуха кӏегархьа а воьду иза.
– Шаьлтанаш а йихкина-м, алалур дац соьга, вуьшта, оцу муьша тӏехула дӏаса-м гӏур вара со а, – элира Васалан Юсупа уллохь лаьттачу ӏелин ӏумаре.
– Цхьана кога тӏе а хӏоьттина, шарбала чу ког ца боллало хьо!
– Гӏовгӏанаш! – лохха човхийра уьш Болата.
Муш къовлуш, морзахйаьхначу тагӏанаш йуккъе охьа а хиъна, чу а кхевдина, бухахь ловзучу шина жухаргах цхьаьнга цхьаъ-м элира пелхьоно. Ши жухарг, гонна йукъахула а уьдуш, мохь бетта вуьйлира:
– Итт-шийтта шо хенара кӏант къаста! Пелхьонан коьшкала хаа!
– Вуй майра кӏант, пелхьон коьшкалахь муьшана тӏехула чекхвала?
– Со вахийтахьа, ӏумар, – дехар дира уллохь сирачу динахь ӏачу Аьрзун Мохьмада.
– Ца оьшу, – доцца хадийра вукхо.
– Дӏахьовсийша, Хортӏин жимахверг хьалхагӏертий-ца! – тӏехьа пӏелг хьажийра Іумаран вашас ӏелин ӏусмана.
– Майра кӏант схьавала! – мохь беттара жухаргаша.
– Комарийн дитта тӏе ваьлча а, бӏагор богӏучу Хортӏин ӏузара[2] кӏантал а оьшуш хили-кх со, – вусавелира Мохьмад.
– Ша хирг хир, дӏаэккха, Мохьмад! – куьг ластийра Болата. – Вай а ма дац нанна тӏаьхьа даьхкина.