агентура йолчу цо хӏор а сохьтехь Александр Павловична тӏекхоьхьура мятежникаша дӏа мел боккхучу когах лаьцна хаамаш.
Мятежникийн планаш а, царна дуьхьал йолу шен планаш а Нуридна йийца а, уьш Шела тӏе ма бита аьлла, приказ дӏакхачо а Александр Павловича селхана Эрсана вахийтина шен адъютант поручик Чураковский хӏинца а гучуволуш вацара. Ӏуьйранна дуьйна цигара хаам боцуш сагатделлачу Александр Павловича ша волчу кхайкхира 20-чу гӏашлойн дивизин командир инарла-майор Виберг.
Векъана, гӏуркх санна, вулавелла, даим цӏена маж йаьшна хуьлу инарла Виберг, неӏарх чу а ваьлла, охьа ма-хиъинехь, и шиъ къамел доло а кхиале чувеанчу дежурни эпсаро Свистуновга схьакховдийра Нуридан геланчас деана кехат.
– Хӏун боху-те хӏокхо? – резавоцуш пакет схьайиллира Александр Павловича. Кехат, даржа а дина, тӏехула бӏаьрг кхарстийна, оьгӏазе Вибергна хьалха кхоьссира цо: – Хӏан, деша хьайна, Александр Карлович.
ДІакхевдина, шаршийна, кехат шена хьалха а далийна, и хьала а ца ойъуш, хьаьрса цІоцкъамаш хабийна, цунна тӏехула бӏаьрг кхарстийра Виберга.
«Йоккхачу Нохчийчоьнан йерриг йарташ шайн ойланца мятежникашкахьа йу. Цхьанххьа а дуьхьало йоцуш, уьш Шелана тӏебаьхкича, цаьргахьа йаьлла иза а. Сайн отрядца ас дан хӏума дац Йоккхачу Нохчийчохь. Царна Жима Нохчийчоь дӏакъовла сихло…»
– Хӏун олу ахь, Александр Карлович? – оьгӏазе хьала а гӏеттина, чухула дӏасаволавелла лела Свистунов Вибергна уллохь сецира.
– Хӏинца шозлагӏа гайти-кх цо ша кӏилло хилар! Йа кӏилло, йа йамартхо!
– Шиннах цхьаъ ву иза, шеко йоцуш. Мятежникаш йуьрта битарна, Шела йага а йина, цигара йалташ, хьешна, дохийна дӏа а даьхна, цхьа-ши бӏе стаг лаьцна дӏа ца вуьгуш, къайла а ваьлла, лечкъина ӏийний-ц! Цул сов, таманцийн цхьа батальон шен отрядах дӏа а тоьхна! Ойла йехьа, Александр Карлович, соьгара йаьллачу сонталлин! Нийсса аьлча, Майртуьпана уллохь эшна, иза йухаваьлла волушшехь, цунна толам а йазбина, инарлин чине лакхаваккха дӏа ма велла ас иза!
Моха йеана командующи ирахь а волуш, хиъна Іен гӏиллакхе ца хетта Виберг, хьала а гӏеттина, гӏентан гӏовли тӏе куьг диллина, ладоьгӏуш лаьттара.
– Цо лелочух кхеттане а кхетац