со, хьан локхалла, – вистхилира иза, шен дуткъий балдаш халла хаалуш меттах а дохуш. – Нуридна лиънехь, ницкъ-м бара мятежникаш бохо. Хьуна дикахо хаьа хир ду-кх.
Вахана, кӏедачу гӏанта охьа а хиъна, стоьла тӏехь ӏуьллу пресс, оьгӏазе куьг тоьхна, йуьстах а йахийтина, цхьа папка шена хьалха уьйзира Свистуновс. Хьаьжа йуккъе шад хӏоттийна, сийна ши бӏаьрг цунна тӏе а боьгӏна, вист ца хуьлуш лаьттара Виберг. Цхьана агӏор, иза воккхавера керла хуьлуш волу инарла Нурид командующина хьалха ӏораваларх.
Стоьла тӏехь лаьтта йоьзан горгали схьа а эцна, дера дӏаса а ластийна, дежурни эпсар чукхайкхира Свистуновс.
– Полковник Эристов схьакхайкха!
Эла чувеача, шена хьалха цӏена кехат оьзна, къолам каралецира Свистуновс.
– Господа, тӏаьххьара кхаьчначу хаамна тӏедоьгІча, гӏуллакхаш галдевлла ду вайн. Мятежникаша Шела дӏалаьцна. Эрсанарчу отрядо пӏелг пӏелгах тоьхна а хӏума ца дина, и арданг йохо-м хьовха, сацо а. Кху сохьта кхерамна кӏел йу Жима Нохчийчоь. Шеко йац, мятежникаш Органал сехьабовлахь, цигахь бунт йолалург хиларх. Кхузахь кийчча лаьтташ йолу Тамански батальон гуттар сихонца Ханкалан чӏоже хӏотто йеза. Ткъа хьо, Александр Карлович, хьайн дивизин йерриг тӏаьхьалонех Тенгински полкан масех рота а тохий, Владикавказера тахана схьакхаьчначу йеа йоккхачу тоьпаца Бердакӏел дӏагӏо…
Командующис цӏеххьана вовшахтоьхна тӏеман кхеташо йукъахъйаьккхира ченаша а вуьзна чувеанчу капитано Чураковскийс.
– Поручик Чураковский? – ши бӏаьрг хаттаре цунна тӏе а боьгӏна, гӏантара хьалаайъавелира Свистунов. – Хьо дикачу хаамашца веана хиларе догдоху ас…
– Хьан локхалла, хаамаш вон бац, – вулавелла сецира поручик.
– Хӏун деана ахь? – сапаргӏатделира Свистуновн, поручикан бӏаьргаш бекхабелла къегаш гича. – Паргӏат хила.
– Хьан локхалла, шелахоша тӏецаэцна мятежникаш. ТІе ца эцарал сов, лелхийна!
– Ткъа полковнико Нурида суна тӏекхачийна хаам? – цецвелира Свистунов.
– Иза жимма сихвеллера.
Чураковскийс дийцира Шелана уллохь хилларг.
– Боьршиг коьртехь тӏаьхьабевллачу шелахоша лелхийна буьгу мятежникаш Эвтара кхачале, Гӏизлара-Гребенски гӏалгӏазкхийн дошлойн сотнина