Ӏаьлбаг жоьпана сих ца велира.
– Муха эр дара иза? – дош ца карадора цунна. – И къам ша кӏилло ду, олийла йац. Кӏиллочу адамийн мохк бац буьрса лаьмнаш, йовха гӏамарш а. Цул сов, жайнаша дуьйцучун ойла йича, Пайхамаран, цуьнан асхьабийн а заманахь туьраца даржийна цара бусалба дин. Шемахула, Мисархула, Бухарехула, Хӏиндехула, вайна буьйцу а ца хезначу мехкашкахула. И дерриг а хьалха хилла. Ткъа хӏинца и ӏаьрбийн къаьмнаш цхьадерш туркойн, кхинаш перангийн а, ингалсийн а когаш кӀел дохку, боху. Маршонах хаьдда, шайн мехкийн дай а боцуш. Иза а, важа а цаьргара дӏайаьккхина оцу мехкашдӏалецархоша.
Цхьана масех минотехь сецира доттагӏийн къамел. Ӏаьлбаган тӀаьххьарчу дешнаша ойлане бехира уьш. Баккъал а, хӀун йу маьрша доцу къам? Лай ду-кх. Старо санна, болх бийр бу цо, шен гай йузо. Кхидӏа дац-кх. Амма и гай а хуьлу цуьнан даим тутмакхан санна. Дуьне дац цо дуург. Лай хилла вехачул, шен маршонехьа къуьйсуш, валар гӀоле йу.
Цхьа дагна там беш дара некъан йистош къарзйинчу бес-бесарчу зезагийн, муьстаргийн можачу кенийн, хьорамийн кӀайчу, стовн дитташна тӀерачу можачу зазийн хазачу хьожано дуьзна хӀаваъ. Некъан йистошкахь малхехь дийшина ӏохку моьлкъарчий, хӀорш гергакхочуш, шарх-ширххехь дӏауьдуш, коьллашлахь къайладуьйлура. Баьццара холхаз хилла регӀа тӀе йижинчу варшахь, вовшашца къуьйсуш, бес-бесара иллеш, шакарш йеттара олхазарша. Амма берешна ца гора бӀаьстенан ӏаламан и исбаьхьалла, олхазарийн и даккхийдер. Болатна хьалхахӀуьттура мацца а цкъа Гати-Юьрта цӏа боьрзу болу Хортӏин Асхьаб, Товсолтин Хьуьси, Бораханан Саьӏид. Дикачу дойшкахь, дезачу герзех боттабелла, белшаш тӏехь хьесан погонаш, накхош тӀехь ордалш, мидалш а лепаш. Ӏедало буьтур ма бац уьш, цара диначу гӀуллакхна, церан муьтӏахьаллина цхьа йал йоцуш. ТӀаккха кхитӏе а халкъана бале бевр бу…
– ӏелин а, Маккхалан а хабар дуй? – тийналла йохийра ӏаьлбага.
– Кехаташ даьхкина цаьргара. Могаш-дийна ву ший а. Сибрех дӏакхаьчна шаьш, боху.
– Цхьаьна буй хӀорш?
– Хӏан-хӀа. Къастийна.
– Мича хьолехь бу?
– Хетарехь, гӀуллакхаш дика дац. Ӏелас, шаьш лаьттах эчиг доккхуш ду, ткъа Маккхалгӏар хьун хьокхуш бу, боху. Шийла,