цхьа пана мохк бу, боху.
Ӏаьлбаг, кхин хеттарш ца деш, ойланашка вахана, сецира. ДӀадахана шийтта шо машаре хиллехь а, синтеме дацара Нохчийчохь. Халкъо собаре садеттара шена тӏетеӏочу харцонна. Мохк-м тоххарехь дӏабаьккхинера цаьргара. ДӀабаьккхина бохург дицделлера цуьнан керлачу долахошна. Моьттур дара, иза, церан ворхӏе дайх бисина, царна кхаьчна. ХӀор а шарахь дебара нохчийн къомах дуьйлу цӏубдарш. Эпсарш, совдегарш, молланаш. Уьш массо а хьаькам вара къечу нохчочунна. Ницкъ цаьргахьа бара. Уьш шен тӏома кӀел лаьцнера ӏедало. Царна тӀе а тевжина, халкъ таладора цо. Нохчочунна дихкинера Бӏаьн-Некъал лаха вала. ГӀалахь гучуваьлча, йаппарш йеш, сийсазвора. Шен кха тӀе йаьлла вир санна, лоллура.
Халкъо садеттара, амма, кхидӏа сацо ницкъ боцуш, цуьнан дог дуьзнера дералло, цхьа суй оьшура кхузахь цӀе лато, оцу харцонашна дуьхьал халкъ гӀатто.
Дӏадаханчу шарахь дагахь доцург хилира гӏаттаман кечамна. Цхьаннан маттаца куьйгалхойх масех стаг лецира. Бакъдерг аьлча, коьртачех кхоъ бен ца нисвелла царна йукъа: Муслон Шоӏип, ӏабдурахьмин Маккхал, Абубакаран ӏела а. Хӏетахь ӏаьлбаг цӏахь вацара, деций, вежаршций Макка вахана.
Дарц дала герга ду хӏинца. Цуьнан куьйгалхойх ву ӏаьлбаг а.
«Хӏун хир-те сох? – хоьтту цо шега. – Йа, шайх Мансур санна, махкахваьккхина, доь доцуш войъур-те, йа, Бийболат санна, тешнабехкаца тӏаьхьашха тоьхна, вуьйр-те, йа имам ГӀеза-Махьма санна, турпала вужур-те, йа, Бойсагӏар санна, тангӏалкха тӀе хьалаозор-те?»