Гӏуллакх хазачу долуш хийтира инарлина.
– Хӏун дохьуш даьхкина шу? Къинхетам боьху аш?
– Хӏаъ, хьан локхалла, халкъо къинхетам боьху Цуьнан Императорски Воккхалле.
– Хӏун ло аш къинхетамна дуьхьал? Зуламхой схьалой?
– Халкъо доьхург оха йаздина схьадеана, хьан локхалла. Ахь пурба лахь, доьшур ду ас.
– Деша, – доцца кхоьссира инарлас.
Чоин чета куьг дахийтина, схьадаьккхина кехат, даржа а дина, деша вуьйлира Берса.
Кехатан хьалхарчу пункто йуьххьехь ойла хийцира Свистуновн. Цо леррина схьалоьцура эгӏазчун хӏор а дош. Хӏан-хӏа, мятежникаша лелориг забар йац. Уьш тера а бац бӏаьрзе гӏевттинчу адамех. И вовшахкхеттарг, дика ойла йеш, кечйина политически а, тӏеман а организаци йу. Амма воха а, кхеравала а мегар дац. Тӏаккха мятежникийн дог-ойла айъалур йу. ХІокху минотехь собар а, ницкъ а гайтар оьшу…
Ша дешна ваьлча, халла хаалуш корта а таӏийна, кехат инарле дӏакховдийра Берсас. Свистуновс, агӏор балдаш саттийна, схьаэцна иза, буьрса ши бӏаьрг векалшна тӏе а боьгӏна, кегийра цуьргаш йеш, этӏа а дина, хӏаваэхь даржийра. Говран урх оьзна, иза дӏаволавала кечвелча, сацийра Берсас.
– Господин инарла, и ахь этӏийна кехат нохчийн халкъан цӏарах Цуьнан Императорски Вокхалле йаздина дара. Паччахьан йалхойн бакъо йуй-те цуьнга йаздина кехаташ этӏо?
Свистунов вуьйхира, амма цо иза, шен берриг ницкъ тӏе а гулбина, къайладаьккхира.
– Муха даьхьира шу оцу тайпачу лехамашца суна дуьхьалдахка?
– Тхан лехамаш законехь бу, господин инарла. Веккъа цхьана Императорски Воккхаллин бен бакъо йац царна дуьхьал жоп дала.
– Ой, къийса ойла а йу хьан? Цул, суна баркалла ала, шаьш кхоъ оцу дӏогарчу диттийн гаьннех хьала ца оллуьйтуш витарна!
– Тхо халкъан йа тӏом бечу цхьана агӏонан машаре парламентераш ду, господин инарла. Хьан бакъо йац дуьненан халкъийн йукъара гӏиллакх талхо.
– Ткъа ахь, господин парламентер, дицдо хьо ӏедална дуьхьалгӏевттинчу мятежникаша схьаваийтина хилар!
– Къуьйсур дац вай, господин инарла. Тӏаккха цунах йеха истори хуьлу. Оха хӏун ала тхаьш схьахьовсийначу гӏаттаман тхьамданашка?
– Ас этӏийна кехат ду шуна жоп.
– Хьо сихвелла, господин инарла. Тхо акха туземцаш делахь а, хьо оьрсийн