дворянин, оьрсийн эпсар, паччахьан векал а хилар ма дицде. Хьоьгахь товш дац собарх, гӏиллакхах вохар, кхерамаш а туьйсуш, тхоьца къамел дар а.
Берсас нийса йинчу ӏоттаро карзахваьккхира инарла.
– Схьахетарехь, хьо кӀорггера европейски образовани йолуш стаг ву, господин парламентер. Хьо хила а мега уьш карзахбаьхнарг. Амма хьуна ца хаа йиш йац Россин истори, шу санна, гӏевттинчу оьрсийн муьжгашна тӏехь ӏедало йина бакъонан кхел шуна тӏехь а хир йуйла. Цхьана минотна дагалаца Булавинан, Болотниковн, Разинан, Пугачевн, декабристийн чаккхе. Церан хилла кхоллам хир бу шун а. Оцу шун лехамашна жоп ас сайца дӏадохьуш ду, ала шайн мезечу имаме.
Говран урх хьайина, дӏаволавелира инарла. Цуьнан свитина а, тӏаьхьайогӏучу отрядашна а некъ буьтуш, керта улло таьӏира Берса а, Акхта а, Лорса-Хьаьжа а.
Иттех минот йалале, говрийн бергаша, хьешна, лаьттах эйина, йайъира церан кехатах йисина цуьргаш…
Амма ЦІоьнтара а кхачале командующи валлал дохковелира имаман векалца ша шога къамел дарна. Новкъахь дуьхьалвеанчу геланчо Батьяновгара кехат делира цуьнга:
«Салатави йерриг гӏеттина, – йаздора Батьяновс. – Гӏевттинчу салатавхоша Буртӏунай-гӏопана блокада йина. ГІопан гарнизон хих дӏахадийна цара. Сайн коьрта ницкъ цига дӏабига деза сан. Цигара гӏаттам хьаша кечам беш ву со, цундела Ичкерехь соьгара гӏо хиларе дог ма даха. Хьан отряд тӏеэца а, хІокху агӏорхьара тешнабехк ца хилийта а ӏалашо йолуш, Зандакъана уллохь цхьа батальон йуьту ас».
Оцу хаамо харцийна тӏекӏелйаьккхира Александр Павловича, кӏорггера ойла йеш, хӏоттийна план а, цунна бина кечам а. Меттигерчу бахархойх вовшахтоьхначу милицин ницкъаца мятежникаш схьалоьцур бу бохург шеконе дирзира.
Сихха цо кхеташоне гулбира отрядан штабан а, округан а начальникаш. Некъана йисттехь шуьйра генаш даржийна лаьттачу зоьрталчу кхура кӏел, цхьамма такхийна, шарбина, цестина, тобина ӏуьллучу гула тӏе эпсарш охьахевшича, хӏоьттинчу хьолах лаьцна боцца хаам бира командующис.
– Салатави гӏеттина. Дуьхьало ца йеш, каравола аьлла, инарла Чермоевс диначу дӏахьедарна ӏаьлбага жоп делла, нахана латта а, мелла а маршо а лахь, шеца гӏевттинчу