Солтмурд, чӏагӏонаш йарна тӏехь куьйгалла хьуна тӏе дуьллу вай. Хьуна иза дика карадирзина хиларна, – элира ӏаьлбага.
– Кхуьур дуй-те?
– Гондӏарчу йарташкара гӏо далийча, кхуьур ду. Воккха а, жима а дагаршца, стерчашца, бугӏанашца схьахьебан беза. Тозуркъа коьрте а хІоттавай, иттех стаг хьажаве. ТІе, кхачанца дерг а ду вайн ледара. Кхузахь шина-кхаа дийне довлахь, мацалла хӏуттур йу вайга.
– Хӏор а стеган цӏарах кхоккха сискал-м хила йеза. Цхьадика, хи-м дара кхузахь.
Шен гӏуллакхна йуьстахваьлла веанчу Къайсара хаамбира, Гӏоьрдалара охьабогӏучу новкъахь адамаш го аьлла. Ӏаьлбаг, хьала а иккхина, диттийн гаьннаш дӏаса а тоьттуш, сихачу боларехь къилбен агӏонга дӏахьаьдира.
Басех чукхевдина, айъабелла ӏуьллучу боккхачу чхара тӏе а ваьлла, бӏаьргашна хьалха турмал лецира ӏаьлбага.
– Вайнах бу. Хьалха – ши эпсар. Схьахетарехь, Чомакх а, даьргӏахойн пурстоп а.
– Вай кечамбан а кхиале, дӏадолалуш лаьтта хӏара-м, – эккхийтира тӏехьа лаьттачу Къайсара.
– Хӏумма а дац. Эскарш кханий бен кхочур дац кхуза. Хӏетале кечамбан кхуьур ду. Же, ма ӏелаш, кӏентий! Солтмурд, ваьлнаш дар дӏадоладе. Къайсар, ахь Тозуркъа сихха йарташка хьажаве. Коьра, хьайна ма-хетта, тӏемалой дӏанисбел. Хӏор а бӏаьне шайн-шайн меттигаш тешамболлуш чІагӏйайта. Же, ма ӏелаш!
– Сайн суьйлашца со уггар кхерамечу метте хӏоттор доьху хьоьга, ӏаьлбаг-Хьаьжа, – элира Мусакхайс.
– Баркалла хьуна, Мусакхай. Кхераме йоцу меттиг хир а йац вайн.
Ах сахьт далале, дагарш дека дуьйлира дукъаца. Йукъ-кара хезара нехан маьхьарий а: «ДІахила!», «Ларлолахь!» Тӏаккха, уллорчу лекхачийн генаш кегдеш, бухахь кхиъна лоханиш кӏел а хьерчош, охьадеттадала дуьйладелира пепнаш…
Накъостий дӏаса а баьржина, ша висина ӏаьлбаг, цхьана масех минотехь хІоьттина а лаьттина, балхе хьажа вахара. Наха болх бора, тӏехулара бедарш йуьстах а кхийсина, герз дӏа а хӏоттийна. Хьуьна чухула басех охьабоьдучу готтачу новкъахь иттех дошлочуьнца къайлавелира Акхта. Массарна а тӏехӏуьттуш, нехан дог-ойла гӏаттийна, гатийуьртахошна уллохь сецира Іаьлбаг. Попов Елисей а, Васалан Юсуп а воллура, хьацаран кӏур хилла, дитташ охьадетташ. Ӏаьлбаг