гучуваьлча, деттачуьра диг сацийна, гиччошка куьг лаьцна, эпсарна хьалха санна, вулавелира Елисей.
– Салтичун амалш йиталац-кх хьоьга, Элса?
Юсупа гочдира Іаьлбаган хаттар.
– Салти – салти ма ву, хьеннан эскарехь хилча а, – хьаьж тӏе пхьарс хьаькхира Елисейс. – Низам доцу салти вон бӏаьхо ву.
– Иза бакъду. Го беш бу вайна, Элса, тоьлур дуй-те вай?
– Тола ницкъ ца тоахь, летта лийр ду-кх. Иза а ма бу толам, имам.
– Дашо дешнаш ду уьш, Элса. Шиъ бен некъ бац вайн – толам йа ӏожалла. Тола ницкъ вайгахь а бац, цундела цхьа некъ бен ца буьсу – ламанан аьрзуно санна, курра ӏожалла тӏеэцар. Мишка мичахь ву?
– ДІогахь шен доттагІчуьнца Янаркъица дитташ херцош воллу.
– Мишке схьакхайкхахьа, Юсуп.
Елисей а, Михаил а чӏогӏа лорура гӏовттамхоша. Цаьршимма цхьа а тайпа чІеӏамаш боцуш собаре ловра кху тӏаьххьарчу денойн халолла. Михаил тӏемало вацара, гӏовттамхойх схьакхетталц цкъа а топ кара ца эцнера цо. Амма дог дара цуьнан паччахьан ӏедале болчу цабезамах дуьзна. Бутт а балале, цуьнан доттагІчо Янаркъас нийса топ тоха а, говрахь хьуьнарш лело а ӏамийра иза.
Михаил а валош сихха схьавеара Юсуп.
– Гӏуллакх муха ду, Мишка? – хаьттира ӏаьлбага.
Михаила, буй бина, нана-пӏелг хьалалецира.
– Иштта ду, имам!
Ӏаьлбаг гӏайгӏане велавелира.
– Вай-м кхоьручех дац, Мишка! Амма эрна валар сонталла йу, гӏуллакхаш, шуна ма-гарра, дика дац, Элса. Кхалха го лоцуш бу вайна. Тӏом болабала цхьа-ши сахьт дисина. Суьйранна цхьа а дийна вуьсур ву-вац, хаац, кхузарчу кхаа бӏе стагах. Го хадийна, гӏур-м дара, амма – мича? Даха меттиг бац. ЦІера доьзалш, лецна, хьийзор бу, тхо ӏедалан карадаххалц. Тхоьга хьоьжуш ӏожалла йу. Йа кху ломахь, йа тангӏалкхаш кӏел, йа шийлачу Сибрех. Ткъа шуьшиъ, тхан ши ваша, тӏаьхьадоцучуьра, дӏагӏо. Накъосташа Бӏаьн-некъана кӏел воккхур ву шуьшиъ. Росси доза доцуш йоккха йу. Геннахь, цхьанхьа оьрсашна йукъахь къайлавала. Шуьшиъ тхоьца хиллий хуур дац цхьанне а. Тхох доглазарна, тхуна вошалладарна, гӏодарна баркалла шуьшинна. Оха и цкъа а дицдийр дац.
Юсупа гочдале кхийтира Елисей Іаьлбаган къамелах. Цкъа кхоьлира цуьнан йуьхь, тӏаккха ийзо йуьйлира, эххар а ши бӏаьрг хих буьзира.