гӏаттан шиъ бІов йу. ГІопан малхбален агӏонца боьдучу Хулхулон лекхачу бердо и агӏо ӏалашйо цуьнан. Хӏоккхуза, малхбузен агӏор, пенаца кӀорга йоккха саьнгар йу. Иза дукха хан йоццуш йаьккхина. Иштта чӏагӏйина и важа ши агӏо а. Гӏопан пенех луьстта ӏуьргаш ду, тӏелетачарна тоьпаш йетта. ХІокху меттигашкахь пена тӏехь ширачех бархӏ йоккха топ лаьтта, царах йиъ чаччамех йузурш а йолуш. ГІопа чохь шовда дац. Цига хи Хулхуло тӏера дӏадуьгу хӏоккхехула даьккхинчу хоршахула. И хи чу хӏуттуьйтуш, гӏопан кертахь даьккхина доккха ор ду.
Ӏаьлбаг леррина хьоьжура Коьрин карахь дӏасалелачу къоламан йуьхьиге. Хӏинца цунна шена а дика хаьара план йеша. Цул сов, дӏадаханчу ӏай ӏаьлбага ша а теллинера гӏопан го.
– Вешан ницкъаца гӏап дӏалацалур йац вайга, – охьахиира Коьра. – Цигахь лаьтташ цхьаъ ах эзар салти а, дошлойн бӏо а бу. Царах ах ницкъ а тоьур бу кхиамца вайна дуьхьало йан. Вайнах дика лета хьаннашкахь, лаьмнашкахь. Амма хӏара тайпа гӏап дӏалаца дезаш хилча, дан хӏумма а дац церан. Цул сов, вай гӏопана тӏелатар ма-доллийнехь, букъа тӏехьахула тохар дан кийчча масех эзар салти лаьтта Эрсанахь а, Чахкарахь а.
– Хьуна хӏун хета?
– Гонна йуккъе а лаьцна, гӏелбина кара ца балабахь, вуьшта гӏап дӏалацалур йу бохург хьехочохь а дац.
Іаьлбага ойла йира. ТІаккха, Нохчмехкан а, Чӏебарлан а картанаш кара а эцна, леррина цаьрга хьежа вуьйлира иза.
– Гӏап, хӏуъу дина а, йохо йеза, Коьра, – элира цо, карта Коьрега йуха а луш. – Иза цигахь мел лаьтта, толаме сатийсар эрна ду. Ницкъ дукха-м, дера, бу мостагӏчун. Эрсана-гӏопехь – кхо бӏе, Эртан-Коьртехь эзар сов салти ву. Ӏаьржа-Ахка тӏехь – кхо бӏе. Веданна кӏел гӏалгӏайн, гӏалгӏазкхийн а дошлойн ши бӏо лаьтта. Веданна гергаоьзна Дегӏастанара далийна эскарш. Вайгахь болчу хаамашца, церан барам шиъ ах эзар салти, йалх йоккха топ а, дегӏастанхойн пхи бӏе дошло а, пхи бӏе гӏашло а ву. Хулхулон чӏожа чу вуллучохь а лаьтта кхо бӏе салти. Лаххарчу хьесапца, кху гонаха оьзна мостагІчун ницкъ ворхӏ эзар гӏашло, эзар дошло, ткъех йоккха топ а йу. Царна гӏо деш хир бу вайнехан лаамхойн бӏо а.
– Царна дуьхьалхӏотто вайн ши эзар бӏаьхо а хир вац. Салташкахь керла тоьпаш йу. Уьш сиха а