йузу, гена а туху. Вай цкъа тохале, иттазза тоха кхуьу уьш. ТІе, Хаси-Юьртахь а ду эскарш.
Ши доттагӏ цхьана йукъана дӏатийра. Дехьо хевшина Іачу накъосташна йуккъера къовсам хӏинца забаршца хийцабеллера. Сулиман цхьа забаре хабар дуьйцуш воллура, важа шиъ гӏадвахана воьлура.
– Дукха-м бу уьш, – элира Іаьлбага ойлане. – ӏабдул Хьаьжас а, Тангӏайс а шайна тӏеозор ду дегӏастанхойн эскар. ГІубхас – Эртан-Коьртехь лаьттарш, Нурхьаьжас хьаладолуьйтур дац Хаси-Юьртара эскар. Сулиман шен бӏоца хӏокху Гӏамар-Дукъа хӏуттур ву. Вайша, гӏопана го а бина, уггар хьалха оцу чудоьду хи дӏалакъор ду. Тховссехь ӏуммина тӏе геланча хьажо веза. Вай кхузахь тӏом болийча, ЧІебарла гӏаттайе аьлла. Дегӏастанхойн ах эскар шена тӏеозо деза цо. Мостагӏчун ницкъ дакъошка бекъча, атта хир ду цунна тӏехь толам баккха.
Дехьахь садоӏуш ӏен кхо накъост тӏе а кхайкхина, царна шайн план йовзийтира Іаьлбага.
– Кхана сарахь йа буьйсанна хьайн бӏоца хӏокху дукъа хӏуттур хьо, Сулиман. Ткъа хьо, Къосам, вайн хьаннашка йухаверза. Хӏуъу дай а, аьккхий меттахбаха. Хаси-Юьртара цхьа а салт хьалавалийта йиш йац.
Йуха а цкъа дукъ теллина, чІагӏйан йеза меттигаш билгал а йина, дӏабахара уьш.
Хьехахь хийцамаш боцуш дӏаоьхура денош. Іуммин чов а йирзина йогӏура. Буьйсанна ӏуммас йарташка хьийсо нах ахьар, жижиг, дума, кӏалд йохьуш йухабогӏура, де-буьйса а доккхий. Цара йиллина зӏе латтайора йарташца. Цигара дуккха а нах кийча бара, Іумма тогӏешка воьссича, тӏаьхьахӏитта.
Хӏара аьхкенан тӏаьххьара бутт бен бацахь а, шийла йара лаьмнийн лакхенгахь. Даим дуькъа дохк лаьттара, буьйсанна шийла мох хьоькхура лаьмнийн лайн баххьаш тӏера схьа. Хьехахь хаддаза йогучу цӏарна гонах а ховший, йаханчу хенахь хилларш дуьйцуш, буьйсанаш йацйора цара.
Йайн чов хилла Залмин Дада жимачу отрядан коьртехь партизанийн тӏом беш вара лаьмнашкахь. Амма гӏуллакхаш башха дика а дацара цуьнан. Ӏуммас гӏовттийначу чӏебарлойн дуккха а йарташа, дохко а йевлла, пурстоьпна Сервиановна тӏе векалш хьийсабора.
Цхьайолчара хӏинцале а эла Накашидзена амалтана нах беллера. Іаьндойн наиб поручик Гирей шен милицин отрядца йарташ цӏанйеш лелара.