Сибрех хьовсош, ирхъухкуш а меттигаш дукха нислора. Ткъа амалтана нах а бохура цхьана хьесапца. Йуьртан хӏор а итт цӏийнах цхьацца. Хӏинца суьлхьанаш карахь вовшашка лохха къамел а деш, тӏехьаьжча, шекбоцуш хетара и лаьтта баккхий нах. Вовшашка забарш а кхуьйсу, сирачу мекхаш кӏел бела а къежа. Гондӏа лаьттачу ницкъах цец а ца буьйлу. Амма дегнаш ду церан, жӏормакаш хилла, хебна. Цара амалтана балийнарш церан шайн вежарий, кӏентий, вежарийн бераш ма ду.
Царна тӏехьа забарш йеш боьлуш лаьтта и кегийрхой а бац шайн кхоллам ца хууш. Дуьххьалдӏа царна а, вукхарна а лаац шайн дагара хаийта. Мостагӏий ца кхардо, майрра церан бӏаьра а богӏабелла, лаьтта уьш.
Эххар а четарара араваьлла инарла, кӏайн дуькъа цІоцкъамаш а хабийна, нахе хьаьжира. Цунна тӏебаьхкира иза араваларе ладоьгӏуш лаьттина элий Накашидзе а, Шервашидзе а. Цхьацца гӏулч йоккхуш веана, меллаша тӏехьа дӏахӏоьттира Ойшин Чомакх а, Мовсаран Элби а.
Шервашидзес доцца рапорт делира кхуза баьхкинчех лаьцна.
– ЦІонтароша даьхний кӏезиг хӏунда далийна? – хаьттира Смекаловс, нахана йукъа буьрса бӏаьрг а тоьхна.
– Тоьур ду цаьргара, Алексей Михайлович. Хӏара кхо де церан хоржах токху отрядо. Лаххара а, кхаа эзар соьмана зен дина вай царна.
– Ас курчалошка ткъа стаг вехнера амалтана, исс бен хӏунда ца валийна?
– Куьрчалахь безткъе итт доьзал бен бац.
– Дишной баьхкиний?
– Баьхкина, хьан локхалла. ДІо йуьстах лаьтта уьш.
– Схьатӏегулбел нах.
Хьаьлхина баханчу Чомакха, Элбис, Іаьндоша Гирейс, ӏисас а инарлина тӏекхайкхина нах, меллаша ког боккхуш, сих ца луш баьхкина, ахго беш, инарлина а, эпсаршна а хьалхахӏиттира. Йукъ-йукъа йовхарш тоьхна, цхьаберш лаьтта богӏабелла, бисинарш Смекаловга а хьаьвсина, дӏатийра уьш. Инарлас шен буьрсачу хьажарца мерцира церан тоба. ТІаккха, шогачу мекхех куьг а хьаькхна, стаммий балдаш цхьана агӏор озош, халла хаалуш кІоршаме вела а озийна, лохха къамел долийра цо.
– Вайн къамел доцца хир ду, нохчий, – нах зуьйш, йуха а тобанна йуккъехула бӏаьрг туьйхира цо. – Шайга амалтана бехна нах а, гӏуданна даьхний а далош схьадаьхкина шу. Амма оцу тӏехь чекх ца долу шуна догӏу таІзар. Селхана дишноший, эрсаноший