тӏелатар дина Веданара арайаьллачу жимачу отрядна. Масех салти а вийна, областан начальнико соьга доуьйтуш долу кехат а даьхьна. ЦІонтароша селхана суна дош делла, шаьш муьтӏахь хилла совцу аьлла. Ткъа тахана церан махка тӏехь шен гӏеранца разбойник Сулейман гучуваьлла. Иза ду шун муьтӏахьалла? Иштта лардо аш шайн дош? Суна моьттура, нохчочун дош хІокху тӏулган лаьмнел а чӏогӏа ду. Шун дош а, базарахь мохь хьоькхучу зудчун дош а цхьаъ ду. Амма ас ӏамор шу. Ницкъаца. Амалтана нах беллачу йарташка дӏахоуьйту ас. Нагахь санна цхьа мятежник шун йартийн махка тӏе валахь, йуьртара цхьа стаг мятежникна тӏаьхьа гӏахь, дарехь а, къайлах а цаьрца зӏе хилахь, оцу йуьртан амалташ ирхъухкур бу. Нагахь санна Эртан-Коьртехь, Кхеташ-Коьртехь цхьа топ йолу-кх, курчалойн, тезакхаьллойн, эрсанойн амалташ ирхъухкур бу. Ткъа шуьца, дишной, кхечу агӏор дуьйцур ду вай. Хьаннашкахь лечкъаш лела шайн нах йуьрта дӏагулбе. Цигахь, овкъаршна тӏе а хӏиттийна, йийр йу вай шуна тӏехь кхел. Иза ду шуна сан тӏаьххьара дош.
Кортош охкийна ладоьгӏуш лаьттачу нахана йуккъера масех гӏулч тобанна хьалха а ваьлла, цхьа воккха стаг Чомакхна тӏевирзира:
– Чомакх, тхан цхьа дехар дӏакхетадехьа инарле. Йарташ а йагийна тхан, амалтана нах а, гӏуданна даьхний а даьхна тхоьгара. Тхан кхаш тӏехь дагаза дисина йалташ, докъарш дита алахьа цуьнга.
Чомакха гочдира воккхачу стеган къамел.
– Аш сан лаам кхочушбахь, къинхетам бийр бу шух. Амма, цхьа чо а гӏалатло йолуьйту-кх аш, оцу шайн хьаннашкахь мацдина, шелдина, дойъур ду шу. Амалташ дӏабига гӏайгІабе, полковник.
Тхьамданаш, шайн-шайн йартийн амалташна тӏе а бахана, ӏодика йан хӏиттира. Цхьаберш мар-мара лелхара, вуьш, догъоьцу масех дош а олий, йуьстахбовлура.
Стигал, кӏез-кӏезиг кхулуш, ӏаржйелира. Кхеташ-Коьрта тӏехула йеана, чукхевдира догӏанна йазйелла ӏаьржа марха. Геннахь стигал къевкъира, мархаш этӏош, ткъес иккхира. Татанца нилха даккхий тӏадамаш ийгира кӏедачу ченала а, диттийн гӏаш тӏе а.
Цхьа минот йаьлча, догӏанан кӏуьрлахь къайлайевлира гонахара раьгӏнаш…