Тӏе а вахана, цуьнан ворта цхьана куьйга мара а йоьллина, важа куьг хьаьж тӏе хьаькхира цо. Качйеллачу говро шен кӏеда муцІар хьаькхира ӏусманан йуьхьах. Сонехь ӏуьллу тиша тас схьа а эцна, чу ши-кхо кана хьаьжкӏаш йоьхкина, говрана хьалха диллира кӏанта.
Хӏинца Мохьмад гӏатто а везара. Говр хитӏа йуьгуш ӏойла дацара Іусманан. Цуьнца але йан йеза Деши а йац гучуйолуш. Ӏусман, кевнах ара а ваьлла, Эсетгӏаьргахьа дӏаволавелира. Лулахой а меттахбевлира. Белшаш тӏе гӏовтал кхоьллина, гӏуммагӏ а карахь охьатаьӏна воьдура МІаьчиг. Цхьанхьара Васалан йовхарш а хезара. Схьахетарехь, чӏогӏачу томкин цигаьрканах кӏур бина воллура иза. Лаха чохь, шен цхьана куьйга хьокхий детташ, бешана гонах керт йолийна воллура Солтха а.
Цхьадика, Деши гӏатто а ца дийзира Іусманан. КІудал гихь хитӏара йогӏуш дуьхьалкхийтира цунна иза.
– Хьо суна тӏаьхьавогӏу хир ву, хаза кӏант? – элира цо, саца а сецна, сихдина са а доьӏуш.
Деши берах йара. Пхи бутт бен ца баьллехь а, хало лелара.
– Хьо цӏахь ӏехьа, Деши, – элира ӏусмана, ларамаза цуьнан гӏодайукъах бӏаьрг а кхетта.
– Со цӏахь ӏийча, хьуна накъост хир ма вац, хаза кӏант.
– Мӏаьчиг вуьгур ву ас. Мохьмад гӏеттича, говр хитӏа йигийта.
Ӏусман, Мӏаьчиг волчу а вахана йухавирзина, ворда йоьжна валале, Яьссел дехьарчу Аьккхийн-Дукъа тӏехула малх гӏеттира. Маьӏ-маьӏӏера хезара дӏалоьхкучу дохнан а, тӏаьхьаІоьхучу дохканан а маьхьарий. Дечиган семанаш цӏийзош, регӏа хьалайахара ши-кхо ворда. Лакха тӏехь, чІегӏардиган бен санна, басех летта лаьттачу Дасин кертахь бераша цӏестан теса тӏехь вота туьйхира. Цхьана йоӏа тас детташ, бисинчара йиш лоькхуш, тӏараш детташ, роггӏана хелхахьийзара бераш.
– Ма детта и тас, шайтӏанаш! – хезира Хьозин мохь. – Хелхадуьйлучохь а ду шун гӏуллакх. Цул а, мацалла угӏа.
Бераш дӏатен а кхиале, Мескатара схьа йоккхачу тоьпан дур деара. ТІаккха – йуха а, йуха а. Кхорзучу хьаьжкӏийн лелха чуьппалгаш санна, тоьпаш йийла йуьйлира жимма ӏийча. Тӏаккха цхьатерра низамехь масех топ йелира.
Дасин кертара берийн вота сецира. Чу гӏаж хьовзийна никх санна, меттахъхьайра цхьана масех минотана ладоьгӏна дӏатийна йурт.
Цхьа сахьт даьлча, чопаша