кӏаййинчу говрахь йуьрта иккхира Аьрсамирза. Урамашкахула говр дӏаса а хоьхкуш, мохь беттара цо:
– Орцах довла! Салтий богӏу! Орцах довла!
Йетт лалла йахана Айза цІа хьаьдира. Когара йевлла тудургаш а карахь, йеана схьаиккхира Эсет а. Дасин кертахь берийн белхар делира.
– Вай везан Дела, Іумарх хӏун хир-те! – мохь оьхура Эсетан.
– Вада маса, Дешига хӏуманаш дӏалеӏа ала, – Іусман корах аратоьттура Айзас.
– Дохий ма хьийза, – парггӏат вистхилира хӏетта схьакхаьчна МІаьчиг. – Уьш хӏинца а Мескатахь бу. Кхуьур ду вай кӏелхьардовла.
– Вай, ӏумар, хьуна хӏун де-те вай! – ара а ваьлла, учахь лаьттачу ӏумарна тӏекхийтира Эсет. – Хьох хӏинцца чусадеана воллура.
Тӏехьаьжча, шек а вацара ӏумар. Шен могашчу пхьаьрсаца Эсет мара а йоьллина, цуьнан сатедан гӏоьртира иза.
– Дӏайалахьа, деца, стенна йоьлху хьо? Сихха ворда а йожий, коьрт-коьрта йийбар тӏе а йиллий, дукъа довла. Ас цхьаъ дийр ду. Ӏусман! Соьга герзаш а лой, говрана нуьйр тиллал.
– Ахь хӏун до? – цецвелира хӏетта схьакхаьчна Іусман.
– Тӏамна кечло-кх.
– Хьайн чевнашций?
– Цхьа куьг таза ду сан.
– Вий, ма йелахь гӏовгӏа! Могаш хилча а, дан хӏума дац. Говрахь валур вуй хьо? Же, ӏусман, говр кечйе…
Цхьа сахьт далале салташа дӏайахьа тарло йа, йагийча, зен хир ду аьлла хета кхаа а кертара хӏуманаш ворданна тӏейоьттира зударша. МІаьчига а, ӏусмана а лаьцна говра тӏе ваьккхира ӏумар.
Стерчийн ворда, кех ара а йаьлла, семанаш а цӏийзаш, кхеран миска йийбар а такхийна, регӏа боьдучу новкъа хьалайолайелира.
Лулахой регӏа дӏа а хьовсийна, Васал волчу вахара Мӏаьчиг. Дика-вон тӏедеача, даим а вовшех дагаволура ши доттагӏ. Дукха деха а ца хуьлура къамел. Цкъацкъа вовшашка хьаьжча а кхетара.
Кетӏарчу дукха хенахь дуьйна ӏуьллучу шеддаш долчу попан гула тӏе а хиъна, лоьдгех йина чӏогӏачу томкин цигаьрка уьйзуш карийра цунна Васал. МІаьчиг, тӏе а вахана, вист ца хуьлуш улло охьахиира.
– Герзаш гергахьо дийла ма доьлла, Васал.
– Теккхачу кхаьчначух тера ду.
– Акхтега совцалур буй-те?
– Мичара! Цуьнца-м вац бӏе стаг а.
Ши доттагӏ цхьана йукъана дӏатийра. Балдаш даго доллалц оьзна цигаьрканан мажйелла йуьхьиг лаьтта а кхоьссина, тӏе ког хьовзийра Васала.