цӏеххьана татанца дІахийцира Хортӏас:
– ДІадаханчу шеран ах налог йу-кх шун кӏоштарчу нахана тӏехь хӏинца а.
– Йа, дера.
– И схьа хӏунда ца ло аш?
– Ницкъ бац. Тхан кӏоштара нах берриг а мисканаш ма бу: Васал а, МІаьчиг а, Даси а, Эсет а, ӏелин, Маккхалан доьзалш а.
– ТІаьххьарнаш ма багарбелахь суна. Ӏелас а, Маккхала а шаьш даьккхина шайн гӏуллакх дакъаза. Ӏедална дуьхьал а бевлла! Маӏа санна, чӏогӏа долу хӏара паччахьан ӏедал дохо гӏоьртина! Цигахь ӏамор бу. Цӏа баьхкича, хир бу хьуна уьш чуьхий санна. Нагахь дийна цӏа багӏахь. Ницкъ – ца ницкъ хаац суна, ӏедалан декхар дӏадала деза. Налогаш йуьртана тоьхна ӏедало. Йуьрто дӏатакха а йеза.
– Йуьртана тоьхнехь, нийсса йекъа йезара-кх.
– Нийсса ца йекъна ткъа? Йуьртахь маса кӏур бу а хьаьжна, хӏор а кӏуьранна цхьанийсса…
– И ду-кх нийса доцург. Къелла къикъбоьллачарний, хьоло букъбиначарний цхьатерра хӏунда йекъна ахь иза?
– ӏедало налогаш йуьртана туху. МІаьчигъгӏар, Дасигӏар къен бара бохуш, оха кхаба безаш-м бац? Тхешан кӏоштарчу къечийн текхамаш оха санна, аш а бейша шайчерниш!
– Аш-м ишттанехьа ца токхура церан налогаш, – ӏен ца велира Къайсар. – ӏедало сом тоьхча, шайгара шиъ тӏе а тухий, кхо сом схьадоккху, шиъ церан метта шаьш дӏаделла а олий, йал йаллалц бацабо и пекъарш.
Хортӏас шен месала цІоцкъамаш, дусийна, вовшахтесира.
– Кӏант, хьайгахь доцург а дитий, хӏара бутт чекхбалале, шайн кӏоштарчу нахе налогаш такхийта.
– Ас-м ма такхийта. Шаьш такхийта аш.
– Хьо ма ву царна тӏевиллина. Ӏедална хьалха ахь дош ма ло хьайна тӏечӏагӏдинчу ткъа цӏийнах…
– Тахана дуьйна дӏа и хьаькамалла хьуна дити ас.
Цкъа ойла хилира Хортӏин, стоьла тӏе буй-хӏума а тухуш, хӏара човхо. И дагахь хӏокхо шен пхьидан ши бӏаьрг шена тӏебоьгІча, Къайсара бӏаьрнегӏар ца туьйхира. Хортӏина ца йезайелира Къайсаран озо йеха йуьхь а, дукъ сеттина боккха мара а, цунна кӏелхьара, цІов санна, стаммий ӏаьржа мекхаш а, ткъесах къега ӏаьржа бӏаьргаш а. Цул сов, Асхьада хийла валхийнера иза, дика болх бац бохуш. Хортӏас, шен йуьхь йекхийна, дегаза балдаш къажийра.
– Кӏант, цкъа-делахь, хьан ден хенара ву со, шолгӏа-делахь, ӏедало хьох а, йуьртах а жоп дала охьахаийна со. Цхьана а агӏор