лартӏехь дац ахь соьга дуьйцург. Ӏедало-м, хьаха, вайша мел цӏингаш кхийссарх, шен гӏуллакх дийр ма ду. Дийр дац моьттург ӏелагӏарна, Маккхалгӏарна тӏаьхьа дӏа а хьажор ма ву.
– Нах реза бац хьалдолчаьрга нийсса такхамаш бан. Хир бара, аьтто белхьара. Йаа сискал йоцчу наха хӏор а шарахь цхьана стеран меха ахча мичара доккху?
– И ӏедале алахьа, кӏант.
– Кху йуьртахь ӏедал хьо ма ду. Лаа ца олу хьох «йуьртан да». Ахь ала укурган начаьнке.
– Цул лакхахь а ду ӏедал.
– Лакх-лакхарчаьрга дӏакхачабе тхан эшамаш. Паччахьна тӏе кхаччалц.
– Дика ду, хӏета. Ас пурстоьпе дӏакхетор ду хьан къамел. Цо Веданара йа Хаси-Юьртара, йа кху мера кӏелхьара – Гезал-Эвлара – масех салти валийча, цара, кертахь тӏаьххьара йисина аьттан цӏоьллак дӏа а йигна, дуьтур ду-кх шу. Ас ца элира ала дац шуна. И дӏадели. Кхана вайн йуьртара иттех стерчийн ворда арайала йеза. Хаси-Юьртан гӏопе хьун кхехьа. Уьш-м кхечу кӏошташкара хьовсор йара ас. Шайн кӏоштара ахь говрийн гӏудалкх йахийта Гезал-Эвлан гӏопе. Кхана Іуьйранна итт сахьт долуш цигахь хирриг. Соьлжа-Гӏалара Хаси-Юьрта боьлхуш цхьа эпсарш бу. Уьш дӏаэцна йаха йеза иза.
Къайсар вусавелира.
– Дуккха а нах йалташ дийна бовлаза буй ца хаьа хьуна? – йуха а шениг долийра цо.
– Остогӏпираллахӏ! – голаш тӏе ши куьг тухуш, корта хьовзийра йуьртдас. – Ца хаьа дера-кх. Со ши бӏаьрг боцуш ма ву.
– Бӏаьргаш-м бара хьан, даг чохь къинхетам бац-кх.
– Ахь хӏун дийр дара, сан метта хилча?
– Шайн ворданашца цхьаьна ӏедална дацочу адамашна йал мукъане а ло, эр дара-кх. ЦІахь-арахь дерг дӏа а тосуьйтий, буьгий, кӏиранах, баттахь неӏ хьеллац баца а бой, цӏа бохкуьйту. Йал-м хьовха, атталла йаа сискал а лой ткъа? Тӏехула тӏе, йаппарш а йо. Дений, нанний хьежадо. Берриг шун бехк бу.
Вохвелла делахь а, кхеравелла делахь а, логах хьацар тоьхна Хортӏа хьалагӏеттира.
– Кӏант, Дала гечдарг, и хьан да Ойб гергара стаг вара сан, – логах йовлакх хьекха хӏоьттира иза. – Цуьнан йуьхь йина вуьту ас хьо. Варийлахь, кхечахьа и хьайн мотт хеций ма биталахь. Дӏагӏо. Амма кхана ӏуьйранна малх кхетале Гезал-Эвлахь говрийн ворда а хилийта.
«Баккъал а, сан хӏун гӏуллакх дара Хортӏа бохучу оцу лежиге корта лебан? – ойла йора