хьаьстина хьалха хиллачу элийн тӏаьхьенаш а, молланаш а ма бара. Цу тӏехь хӏумма а гал ца ваьллера ӏаьлбаг. Гӏаттам болабеллачу хьалхарчу дийнахь цигара молланаш гонаха гулбелира Шемалан заманахь а гӏараваьллачу моллина, хӏинца бӏешарчу ваханчу СогӏратІларчу шайх ӏабдурахьманна. Цуьнан кӏант Мохьмад-Хьаьжа имам хаьржира. Хуьлда шена иза молла а, шайх а. Коьртаниг иза ма дацара, халкъан гӏуллакхна шен са дӏадала а кийча хилар дара. Оцу хьалхарчу дийнахь къаьстира нохчийн а, дегӏастанхойн а цхьаболчу тхьамданийн некъаш. Халкъан къечу лахенех схьабевллачу нохчийн гӏаттаман куьйгалхоша шайн байракх паччахьан ӏедална дуьхьал айъира. Церан хӏумма а дацара динца доьзна. Церан цхьа а тайпа мостагӏалла дацара шайца машар безачу муьлххачу а къомаца. Мелхо а, цаьрца барте гӏертара уьш. Изза дог-ойла йара дегӏастанхойн гӏаттаман къехойх схьабевллачу тхьамданийн а.
Амма халкъан къехошна генахь лаьттачу дегӏастанхойн гӏаттаман дукхахболчу тхьамданаша хьалхарчу дийнахьехь адам гӏазоте кхайкхира. Дукха хан йалале шайн цергаш гайтира цара: Маьхьта-бека а, Мохьмад-ӏела-бека а, Гӏеза-Ахьмад-бека шаьш ханаш кхайкхийра.
И дерриг хаьара ӏаьлбагна, хӏумма а реза а вацара цара схьалаьцначу некъана. Хӏетте а вахара иза Дегӏастана. ГІовттамхошна гӏоьнна. Нохчийчохь ша эшна кӏелвисарна а дацара иза. Ведда вахар а дацара. Дегӏастанна орцах вахара. Цигарчу гӏаттаман тхьамданийн дуьхьа а ца вахара. Цаьрца йукъара цхьа а тайпа хӏума дацара ӏаьлбаган. Шен лулахойн дуьхьа вахара. Нохчмахкахь гӏаттам болабелча, цунна уггар хала киртиг тӏенисйелча, гӏоьнна гӏевттира Дилам, Буртӏанай, Алмакх, Ботӏлих, Данух, Сиух, ткъа цхьа бутт баьлча, – берриг дидой а.
Хӏинцца, бутт хьалха, ӏаьлбаган гӏаттамо тӏаьххьара а сауьйзуш, йуха а цунна гӏоьнна, ӏуммин кхайкхамна жоп луш, Чӏебарла баьхкира тиндой, чамалалаш, дидой.
Хӏинца цаьрга хӏоьттинера хьалха нохчашка хӏоьттина хьал. Цара орца доьхура Іаьлбаге. Цундела шен декхар кхочушдан вахара цига ӏаьлбаг а.
Ӏаьлбаг ша вахана ца ӏийра. Цуьнца цхьаьна цига бахара Іумма, Залмин Дада, Тангӏай, Лорса-Хьаьжа, ӏуммин ши кӏант, Гӏубха, Къосам,