Нурхьаьжа, Елисей, Митӏа, берриг бохург санна нохчийн гӏаттаман тхьамданаш, дийна бисина бӏаьхой а. Баккъал а гушлаьттачу ӏожаллина тӏе бахара уьш. Дукханна а карийра иза цигахь. Ткъа дийна бисинчарна ӏожаллел а ирчаниг карийра…
Дегӏастанан гӏаттамхойн тӏаьххьара а кхо чӏагӏо турпала ларйеш жигара дакъалецира цара. И кхо чІагӏо ларйеш, цара бина тӏом тера а бацара нохчийн хьаннашкахь хиллачух. Нагахь, эшам гергагӏоьртича, Нохчмахкахь йухабовла а, къайлабовла а, жимма хан йаьлча, кхечухьахула тӏелата а аьттонаш хиллехь, уьш цхьа а бацара Дегӏастанан дерзинчу лаьмнашкахь. Цигахь карадаха йа летта дала дезара.
Ирча тӏом хилира Цӏадахьарахь. ГІовттамхойн тоъал ницкъаш гулбелира цига, кхечухьа эшамаш хилла, кхуза йухабевлла. Амма инарла эла Меликов а вогӏура кхуза доккхачу эскарца. Адам кхеро, новкъа-новкъахь ша тӏе мел кхаьчна йурт йохош, бахархошкара йалтийн рицкъанаш дӏадохуш, жимма а гӏаттамехь дакъалаьцнарг а, церан доьзалш а лоьцуш, иссалгӏачу дийнахь веана Леваше кхечира иза. Тӏаккха хилира ӏаьлбаг а, Дегӏастанара гӏовттамхой а хьалххе дуьйна кхийринарг. Буьрса ницкъ тӏекхаьчча, инарлина тӏе сихбелира хӏетталц гӏовттамхошца хилла бекаш, молланаш – мелла а таронаш йерш массо а. Инарлас къинхетам бира царах. Йалийтинчу гӏалатлонна, гӏуданна эскарна гӏоьнна эзар ворда а, гӏовттамхошна дуьхьал милицин дружина а хӏоттийча, дерриг гечдира.
Эскар тӏедогӏу долчу агӏонца йуьртана гонаха йаккхий чӏагӏонаш йинера гӏовттамхоша. Амма мостагІчо, тӏелатар дале хьалха, ӏуьйрре дуьйна делккъалц хаддаза шийтта йоккха топ йетташ, аьтта тӏекӏелйехира уьш. ГІовттамхой, йуьрта йуха а бевлла, маьждигний, шина гӏаттахь тӏекӏелдинчу цӏеношний чохь чӏагӏбелира. Йуьртана йуххе оьзначу йаккхийчу тоьпаша и ши гІишло аьтта тІекӏелйаьккхира. Ткъа дийна бисина гӏовттамхой царна чуьра ара ца бовлура. Херцорашна кӏелхьара схьа тоьпаш йетташ, хьалха декъийн саьлнаш дира цара. Тӏаккха тӏехьахула тӏебаьхкинчу салташа, массанхьа а динамит а йоьллина, лелхийтира и херцораш а.
Кхидӏа и ши гӏишло ларйан ницкъ ца кхаьчна гӏовттамхой, шаьлтанаш а йаьхна, чухьаьлхира. Цхьана эха