коьртех дохку тӏоьрмигаш тодина, чкъургашка а хьаьжна, гӏудалкхах тевжина, дӏахӏоьттира Васал. Киснара кисет схьа а йаьккхина, хедош тойинчу лоьдгех кӏайниг схьа а къастийна, чӏогӏачу томкех йуткъа цигаьрка хьерчош, гӏопан кертахула бӏаьргаш кхерстабора цо. ГІопана гонахара йукъ-йукъара доьхна лекха тӏулгийн пенаш тодеш бохкура дукхахболу салтий. Мичара бара а хаац, гондӏарчу йарташкара шайн ворданашца балийначу нохчаша Яьсси чуьра тӏулг а, гӏум а, хи а кхоьхьура. Амма уьш цхьа а баролал чоьхьа ца волуьйтура. Барол тойеш болчарна тӏехь куьйгалла деш вара бӏаьргех куьзганаш долу эгӏаза эпсар. Цкъацкъа, пена тӏе а волий, дехьа агӏор болх бечу нохчашна нанна хьажош, цІогӏане мохь тухура цо. Йеакӏовчу кертахь малхбале агӏор, йехачу тхов кӏелахь дуьйцинчу хьаьвданех дӏатесна ах бӏе говр йара. Царна хьалха сийна йол йуьллуш воллура ши салти. Цигахь лаьттара масех ворда а, гӏудалкх а, тиша тарантас а. Васалан хьесапца, кхузахь верг верриг а ши рота гӏаш салти а, ах бӏе дошло а вара. Амма хӏара хӏинцалера салтий цуьрриг а тера бацара Васалан заманхойх. Тиша, партала, набарна а севсина.
– Хӏей, воккха стаг!
Дӏахьаьжначу Васална элан рагӏ йолчохь шега мохь бетташ гира тохарлера талмаж.
– Схьалалла хьайн гӏудалкх! – куьг ластийра цо.
Талмажо гӏо а деш, уггар сийначу, кӏедачу алах таӏӏош гӏудалкхан цӏа дуьзира Васала.
– Дӏо учин лами болччу дӏайахийтал. Хӏинцца новкъадовлу шу.
Цо гайтинчу метте Васал хазза дӏахӏоьттина а валале, чуваханчу шина салтичо, арайаьхна, ши чамда а, чекх хи ца долу плащаш а йехкира гӏудалкхан цӏа чу. Дукха ца ӏаш, войсковой старшинаца, воьлуш хабарш дуьйцуш, аравелира къона капитан а, портфель карахь штатски а.
– Хӏан, господа, – куьг делира старшинас хьешашка, – со волчохь хьошалгӏахь шайна хилла цатамаш дага ца лоьцур аш. Олуш ма-хиллара, шен йерг дӏайелларг хьалдолуш ву-кх. Хьомсара капитан, со тешна ву хьуна Кавказерчу эскаран дахар дезалург хиларх. Ткъа ахь, Яков Степанович, йазделахь тхан салтийн халачу, амма сийлахьчу дахарх лаций.
– Гур вайна, господин Чекунов. Сан кхуза варан ӏалашо иза ма йу, – элира штатскичо, Васална улло охьа а хууш.
Цо ларамаза деллачу