жоьпах Васална хиира салтийн дахарца хӏокхуьнан цуьрриг а бала боцийла. Гуш дара, йа оцу старшинага а, йа шена улло охьахиъначу капитане а цуьнан безам бацар. Васал ца кхеташ цхьа къайле йара хӏокху стеган ойланечу бӏаьргаш чохь…
Шаьш гӏопах арадовлуш кхузахь хехь лаьтташ кхин салти гича, Васална хиира войсковой старшинан омра кхочушдинийла. Хӏинца гауптвахтехь хир ву Митрич. Васална дика бевза и готта биъ пен. ДІа-схьа шишша метр йеакӏов чоь. Бетонан шийла цӏенкъа. Кӏеззиг чу серло кхеташ пенна лаккхахь коран ӏуьрг. Иза а, йуккъе эчиган стоммачу чӏорех жӏар а хӏоттийна. Дийнахь-буса цкъа неӏарх чу баьпкан йуьхк а, цхьа зока хи а кховдадо. Иза-м хӏумма а доцург дара, Васалан хенахьлерчуьнга хьаьжча. Хечин барч – охьий, коч – хьалий карчайой, кӏедачу метте серий деттара салташна. И дагадеача, Васалан дегӏ дегийра…
БІаьн новкъа парггӏат Яьсси чу йоьссина гӏудалкх, цкъа кӏедачу гӏамарлахула тата доцуш, йуха жагӏа цӏийзош, тӏаккха хи чуьрчу тӏулгаш тӏехь кхийсалуш, дехьайаьлча, говрашка йорт эцийтира Васала.
Хьуьна чуьра схьакхоьссинчу тоьпан хӏоъ цакхоччург шуьйра аса лаьцна, хьун хьокхуш, мацах Ермоловн заманахь баьккхинчу новкъа шаьш девлча, шайца богӏучу салташкахьа вирзира эпсар.
– Мичхьара ву шуьшиъ?
– Со Рязанера ву, ткъа хӏара Курносов Лексей – Тамбовера, – жоп делира хьаьрса, дуькъа ши мекх долчу лекхачу, зоьрталчу салтичо.
– Хӏета, вайша-м цхьамахкахо ву. Дукха хан йуй шуьшиъ Кавказехь гӏуллакх деш волу?
– Кхоалгӏа шо.
– ГІуллакх муха дӏадоьду?
– Далла бу хастам, балхам ца бо оха.
Горга йуьхь а, ирхбирзина меран буьхьиг а, даим боьлуш ира ши бӏаьрг а болчу Курносовн цавешаш лохха велар иккхира.
– ЦІахь зударий буй шун?
– Бац, – шого жоп делира хьалхарчо.
Курносовс къайллах чоже пхьаьрсан гола Іоьттира накъостина.
– Нускалш-м ду тхойшиннен. Нагахь, Делан Іожалла ца хуьлуш, цӏа верзахь, ловзарш дийр ду, – элира цо.
– Шуьшинга хьоьжур йуй ткъа и шиъ?
– Дала хьеха! Тхойшинга ладегӏа собар ца хилахь, шайтӏанан маӏашна тӏе гӏахьара уьш.
– Къонах ву салти-м! Ткъа хьан цӏе хӏун йу? – зоьрталчу салтичунна тӏевирзира капитан.
– Попов Елисей.
– Ден цӏе?
– Иваныч.
– Тӏаккха, Елисей Иваныч,