ӏайшата (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла:
«Хӏокху тхан гӏуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара иза (юкъадаьккхинарг) тӏеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)».
[(Бухари: 697, Муслим: 1718)].
Оцу хьадисан Муслиман риваятехь дийцина, пайхамара (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Цхьамма тхан гӏуллакхаца (бусалба динаца) цхьаьна ца догӏуш долу муьлхха а цхьа хӏума дахь, иза тӏеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)»