Масӏудан кӏанта ӏабдуллахӏа (Аллахӏ реза хуьлда цунна) аьлла, бакъ луьйш волчу а, тешам хила хьакъ волчу а Аллахӏан элчано (Аллахӏера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцира аьлла:
«Боккъалаъ, шух хӏора а (цкъа хьалха) шен ненан кийрахь кепе валаво: шовзткъа дийнахь - тӏадаман куьцехь, тӏаккха оццул хенахь - цӏийн улхан куьцехь, тӏаккха кхин а оццул хенахь - дилханан кийсиган куьцехь. Цул тӏаьхьа Аллахӏа малик хьажадо, цо цунна чу са дуьллу. Цул тӏаьхьа цо цуьнга диъ (хӏума) дӏаязде (олий) омра до: шен рицкъа, шен хан, шен гӏуллакхаш, иштта ирсе хир ву я декъаза хир ву иза. Аса дуй буу Ша воцург кхин дела воцучух: боккъалаъ, шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) ялсаманин охӏланан ӏамалш: ялсамане кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тӏаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду - жоьжагӏатин охӏланан гӏуллакхашна тӏехьа а ваьзна, (жоьжагӏате) гӏур ву иза. Боккъалаъ, (иштта) шух муьлххачо а (ян тарлуш ду) жоьжагӏатин охӏланан ӏамалш: жоьжагӏате кхача ерриг (йиссинарг) цхьа дол юкъ бен а йоцуш, тӏаккха цунна яздина хилла йоза (кийрахь волуш) кхочуш хир ду - ялсаманин охӏланан гӏуллакхашна тӏаьхьа а ваьзна, (ялсамане) гӏур ву иза».