эпсаршна – шишша бӏе. Гой хьуна, ӏела, гӏалгӏазкхий а, муьжгий а нуьцкъаха балийна охьаховшийна вайн лаьтта тӏе. Бовла меттиг йац церан. Ткъа вукху элашна, инарлашна, эпсаршна совгӏатана белла вайн мохк. Вай а, оьрсий а, кхин къаьмнаш а теӏо, дацо, ӏазапехь далло паччахьна, ӏедална дика гӏуллакхдарна. Церан долара латта вайна йухадерзийча, лаххара а бӏе эзар доьзална логгелц тоьур дара. Оьрсий кхузара дӏабохур бу бохург дага а ма даийта. И элий, инарлаш, эпсарш, йисина цӏубдарш а йу вай лахка йезарш… Ткъа хӏинца охьадийша деза. Со а кӏадвелла.
Массо хьалагӏеттира. Накъостий арабовлуш, соцунгӏа хилла ӏаьлбаг Берсина тӏевахара.
– Хьолахой а, къехой а боцуш, массо цхьатерра вехаш, массо цхьанийсса волуш пачхьалкх кхоллалур йуй, Берса? Ахь цхьа цӏе-м ма йаьккхира цуьнан…
– Республикий?
– Хӏаъ.
– Кхоллалур йу, дера-кх. И далург хиларх тешна ву оцу Германехь веха ас вуьйцу ши хьекъалча.
– Вайна гур йуй и зама?
– Тхо даккхийчарна-м ца ган а тарло. Амма шуна, къоначарна, Дала мукъалахь, гур йу. Хӏан, ӏодика хуьлда! Суна ца гуш дӏагӏахь а, Олдаме маршалла ло!
Шен онда куьг жимачу ӏаьлбаге кховдийра Берсас.
Йеха йу ӏаьнан буьйса. Амма Мӏаьчигна йолчу тӏе а йахйелла хӏара, кӏордадаллалц нахехь сакъоьруш ӏийна, цӏа веача а. Йахлур йацара, гай йузош бовха кхача а биъна, йовхачу хӏусамехь кӏедачу метта охьавуьжуш велахьара-м.
Йеха йу, къоьлла къикъйоьллачу кху лаппагӏаш чохь ларйан воьлча.
Ламазна тосу кхакха товханна хьалха а баржийна, коьрта кӏел кенийн гӏайба а биллина, гоьла тӏе ког баьккхина, аркъал ӏуьллура Мӏаьчиг. Кӏур бина сийса товханара тӏуьна гуьйриг. Шийла йу чохь. Хьерадаьлча санна, чугӏерта дарц. Товханан шуьйрачу туьнкалгехула чу а иза доьлху. Попан аннех йиначу дечиган кӏажаш тӏехь лаьттачу боьжагйийллачу неӏаран хераллашкахула чу а иза хьоькху. Зазус цига ца ӏуттуш тӏелхиг ца йисина, амма дарц чекхдуьйлу, йуьйцинчу кертах санна. Гӏеххьачул саьнгарш хӏиттина дуьхехь. Махо, тоттий, цкъа чудоуьйтуш, тӏаккха, тӏерадаккха санна, араийзадо коре тоьхна стеран ахкарг а. Цецах дича санна хетало хӏара цӏа.
Когаш мере оьзна, горгамаш санна, горгделла ӏохку бераш. Гуш бац церан кортош.