Садоӏу а ца хаало. Наггахь царах цхьамма ха хорцуш меттахъхьайо и тӏелхигийн оьла. Жимма а йовхо лур йу аьлла хета хӏума йерриг царна тӏетоьхна. Хьалаайъича, чуьра кан цхьана агӏор доьдий, ах дуьзначу галех тарло эттӏа, тӏехула мекха текхийча санна, калдадаьлла, летийна къарзделла, боьза доккха йургӏа. Цунна тӏехула тийсина кхекхий а, гезарийн цӏокарчий а, даьсса галеш а.
Жимахдолу диъ бер-м хала а дацара, андадаьлла шиъ ду хала. Маре гӏурриг хилла Зару. Коьра а ву пхийттара волуш. Берашца цхьаьна йургӏанна кӏел дижа ийзалучу цушинна къаьст-къаьстина мотт халла тарбина. Жимма адамашка терра, дегӏ хьулдина, арадала а лаьа цаьршинна. Хазаниг духуш, мерзаниг дууш сакъоьру хан йара, Мӏаьчиган таро йелахьара. Кхуьнан дас-нанас а, Мӏаьчига а, Зазус а иштта къен диъна дуьне. Изза дакъа берашка а кхаьчна.
Бераш-м – бераш дара. Мӏаьчиг ша а ву верзина. Цхьаъ бен йоцу цуьнан кетар а йу, берзалоша кадиттича санна, лилхина, коржамаш тийсина, чухулара кан маьӏ-маьӏӏехула тӏе а дийлла. Миска, хебна, жимйелла иза. Муха ца хеба, дийнахь сарралц догӏанехь, дарцехь хилча, буса сахиллац товхица хьала пенах кхаьзча.
Мӏаьчиган аьтто бацаре ца хьоьжу хӏара ӏа а, неӏалт хилла ӏедал а. Керлачу йуьртдас Хортӏас туркх ваийтина, кхана, нагахь дарц техь, Бена боьду некъ баккха ваха веза аьлла. Цига баханчех масех стаг когийн пӏелгаш дахьийна веана. Шена а изза хиларна кхоьручу Мӏаьчига, шен неӏармачаш дика йакъа а йина, йоькаш хьаькхна, йекъа лоьдгаш чу а йехкина, дӏахӏиттийна.
Боккха болх бу-кх цигахь итт де даккхар. Аьхка-м гӏур а вара цига. Ӏа, шело, дарц. Къаьсттина дукъаца буьрса хуьлу шело, дарц. Тоьхча чӏу а гӏур боцуш, йуькъа хьун. Хьун хилла а ца ӏай иза-м. Нана-даккхий пепнаш, пха. Зӏокберг тоьхча, суьйнаш туьйсуш, гӏорийна латта. Дегӏерчу ницкъах а, тӏерачу тӏелхигех а воккху оцу балхо. Итт дийнахь маьхза болх бан деза-кх, оьрсийн эскарш, хьаькамаш а мичча хенахь а, мичча метте а бахалурриг некъ боккхуш.
Мӏаьчигна уллохь кхерчан гӏийлачу серлонехь тӏаргӏа къажбеш ӏа Зазу а, йоккхахйолу йоӏ Зару а. Зазун коьртарчу ӏаьржачу чухти кӏелхьара схьакъеда сира гиччош. Голаш мере а оьзна, царна тӏе корта а