Туману а тешна хила мегар ду тхо оьрсийн ӏедална муьтӏахь леш хиларх.
– Хьан пурбанца, господин полковник, ас баркалла олу майорна Шамурзаевна а, – тӏетуьйхира Головаченкос. – Кху лаьмнашкахь тӏом сацорехь, машар хӏотторехь ламанхошна а, Россина а ӏаламат доккха гӏуллакх дина ахь. Оцу тӏехь кхидӏа а ахь, хьайн ницкъ, хьекъал, хаарш ца кхоош, хьайн халкъана а, Россина а гӏуллакх дийриг хиларх теша со. Дала аьтто болда хьан!
Гати-Юрт йилличхьана дуьйна, мел доккха а, жима а гӏуллакх дийца, къасто дезаш меттиг нисйелча, рузбанан маьждиган майдана гулло гатийуьртахой.
Тӏеман заманахь даим а, орцанан хаам ма-хеззинехь, кхуза гуллора адам. Кхузара дӏабоьлхура уьш тӏаме а. Цуьрриг даг тӏехь кхерам боцуш. Хӏоранна а хаьара, цхьанахьашха шайн йуьртана тӏевогӏуш мостагӏ вуйла. Нагахь шаьш и ца сацавахь, цо йурт йагор йуйла. Цкъа дина ца ӏара ишттаниг. Гатийуьртахой боьлла дерригенах а, ӏожаллех а. Уьш цунах кхерац, цкъа а ца кхийрина. Кхерар-м хӏунда хьехадора, цунах боьлуш, цуьнца ловзура уьш. Амма хӏинца маьждиган майдана кхойкхуш йуьртан туркхан аз хезча, церан кийра ша лацало. Куьйгаш малло. Дегнаш ӏийжаш хьуьйсу уьш шайн ахдерзинчу берашка. Тӏаккха, церан бӏаьра а ца хьовсалой, сихха дӏабоьрзу. Хьалха тӏом бара. Дуьхьал а хӏоьттина мостагӏчух латар кхераме дацара, мелхо а, хьурмате дара иза. Шен даймехкан дуьхьа са дӏадаларал доккха ирс хила йиш йац. Къонахчун декхар ду иза. Амма, даймохк, дайн кешнаш дитина, генарчу, хийрачу Хонкара йа, тоьпана хьалха а ваьлла, шийлачу Сибрех вахар. И хала ду.
Дӏайаьлла церан дуьненан самукъе. Царна гина а дац ирсан денош. Мацах цкъа, оьрсийн паччахьо шен эскарш кху лаьмнашка ца лоьхкучу хенахь, церан дайша эцна хила а тарло ирсах марзо. Амма кху тӏаьххьарчу кхаа тӏаьхьенна ца хиъна цуьнан чам. Дала массарна а цхьатерра лепа кхоьллина малх царна дӏабуьзна дукха хан йу. Массарна а лепа декхар дара иза – адамашна а, дийнаташна а, ораматашна а. Дерриг ӏалам доккхаде цунах: схьакхетачу хенахь и декъалбо цара, чубузучу хенахь, ӏодика йой, дӏахьажабо. Ткъа гатийуьртхошна бан а бац иза. Хӏинца дуьйна дӏа йиллина буьйса хир йу царна. Хӏан-хӏа, муьлхха а буьйса