йоцуш, ткъа хийрачу махкахь ӏаьржа, ӏазапе буьйса.
Цкъа молланаш, тӏаккха хьаькамаш богӏуш, тӏаьхье ца хедаш могӏа бу Гати-Юьрта оьхучу нехан. Мӏаьчиган корта хьовзийна цара. Тахана а веана, боху, ши полковник а, цхьа эпсар а. И Шамурзин Бота а валош.
Хӏун дохьуш баьхкина-те уьш?
Мӏаьчиг маьждиган майдана кхаьчча, кхузахь гулбелла бара берриг гатийуьртахой. Беакӏов цостуш тобинчу гӏамаран можачу тӏулгах доьттинчу маьждиган лекхачу пенаца диллинчу дукъо тӏехь ӏара йуьртан тхьамданаш. Вокх-воккхачо царна уллохьа шен-шена меттиг дӏалоцуш, йуккъехь баьсса го буьтуш, дӏахӏиттира нах. Царна йуккъехь бара хено тишбина, шуьйра накхош хьулдина кӏайн мажош йолу баккхий нах, гӏеметтахӏиттина къонахий, хӏинцца маж-мекх даладоьлла кегийраш. Даим а санна, хӏор а веанера герзах воьттина. Беркъачу барзакъна тӏехула йихкина шаьлтанаш, коча тийсина тарраш, доьхкарех йоьхкина тапчанаш. Наггахь волчун букъа тӏехьа – вертанан беттанаш чохь бархӏ са болу мажарш. Кхоьлина йара къонахийн йаххьаш. Уьш синтемза хьуьйсура полковникаша къамел долоре. Ткъа вуьш шекбоцуш лаьттара. Малхехь лепара белшаш тӏера дашо варкъ диллина погонаш. Лергашна лаха довллалц дуькъа, хьийзина гиччойн кан дуьтуш, цӏена йаьшна мажош, йуьхьигаш ирхъхьийзийна мекхаш. Дусаделла цӏоцкъамаш, хабийна хьажан йаккъаш. Деза, стаммий, лекха догӏмаш. Дерриг церан арахьарчу куьцо гойтура царна шаьш кху мехкан дай хетар. Лен чов йина охьадиллина экха шена тӏехӏоьттинчу таллархочуьнга санна хьуьйсура цаьрга майдана гулделла адамаш.
И хьаькамаш санна, Шамурзин Бота а лакхара хьоьжура шен махкахошка. Горга, йуьзна йуьхь-марш, йоца ӏаьржа маж, шина агӏор дехха охкаделла ӏаьржа мекхаш. Бага кхевддина нийса мара, лекха хьекъале хьаж. Айъаделлачу дуькъачу цӏоцкъамаш кӏелхьара ӏаьржа, кегий, буьрса бӏаьргаш сих-сиха ткъесах кхерстара тобанна тӏехула. Оьрсийн сийначу машех диначу чоина тӏехула оьзна гӏодайукъ ӏовддуш дихкина кхелина доьхка а, цунах тесна кхелина шаьлта а.
– Ладогӏал, нах! Соьлжа-Гӏалара веана полконак къамел дан воллу! – кхайкхира Хортӏа, гонна йуккъе а ваьлла.
Муравьевс, ши гӏулч хьалха а тесна,