туркойн паччахьо шаьш сий деш, лоьруш тӏеоьцур ду, шайна Дала долуьйтур ду, моьтту. Цхьаболчарна хаьа, хийрачу махкахь шайн дахар къаьхьа хир дуйла. Хӏетте а боьлху. Хӏокху паччахьан къизаллех, харцонах бевдда. Тхан дайша шайн цӏийца хьандина хӏара латта. Дийна бисинарш, кхолламна къера а хилла, севцца. Тхан мохк, дин, гӏиллакхаш лардан дош деллера паччахьо а, сардало а. Цара а ӏехий. Хьуна го-кх тхоьгара хьал. Къоьлла-м, лайча, ловр йара, амма харцо, сийсазалла лан ду хала. Оьрсашца мукъане а тхан бакъонаш нисйахьара. Тхуна тхаьшна шатайпа ӏедал хӏоттийна. Цундела кхелха нах Хонкара. Мацаллех, къизаллех бевдда. Амма оьрсийн а, туркойн а паччахьашна йуккъехь башхо йац. Цхьа вов-шов ду. Массанхьа а вайн вежарий охьатеӏабо.
– Иштта-м дара иза, Маккхал. Амма шаьш дечуьнан ойла йейша. Даймохк битина ма доьлху шу. Кхечахьа карор ма бац шуна иза. Кӏелхӏитта тхов-м карор бу, амма даймохк карор бац. Стеган цхьаъ бен ма ца хуьлу даймохк.
– Тхо цхьадерш йухадогӏур ду, Андри. Цигахь хӏокху нехан гӏуллакхаш муха нисло а хьаьвсина.
– Иза а ду-кх маслаӏат, – велакъежира Андрей.
Къаста деза сахьт тӏекхечира. Кхузара дӏа некъаш Мичка тӏе а, Шела а доьлхура. Андрей йуьстахваьккхира ӏелас.
– Вешица воьду со, Андрей, – цуьнан пхьарс лаьцна, сихха къамел долийра ӏелас. – Цунна цхьаъ хиларна кхоьруш. Маккхал а, Чора а ву тхоьца. Амма тхо виъ цӏа вогӏур ву. Гуьйранна йа цхьа шо даьлча – маца хир ду хаац. Айза а, бераш а цӏахь дуьсу. Айзин да-нана къена ду. Кхин гергара нах бац цуьнан. Наха тесна-м йуьтур йацара иза. Хӏетте а, хьайн хан хилахь, наггахь хьажа-хӏотта вогӏур хьо. Керт-ковхь цунна хӏун оьшу хьажа.
– Дӏавалахьа, ваша, хӏун ду ахь дуьйцург? – дегабаам бира Андрейс. – Ахь ца аьлча а, со ца хууш ву сайн декхар?
– Васалан терго а йелахь. Къоланаш а дитийта цуьнга. Кхин весет дац сан.
Кисанара схьабаьккхина йовлакхан шад ӏелега кховдийра Андрейс.
– Хӏан, некъана хӏара кхо туьма ду хьуна. Кӏезиг-м дара хӏара. Ас а, Яшкас а вовшахтоьхна иза. Дешин массанхьа а мах бу. Дӏаэца.
– Хӏан-хӏа, Андрей, – куьг дӏатеттира ӏелас, – шу шаьш ду халла кадетташ. Мегар дац!
– Дӏаэца ахь, тхо цӏахь ма дуьсу. Оха цхьа таро йийр йу. Мӏаьчигна цхьа