пхи сом ло. Дӏаэца, суна хала а ца хоьтуьйтуш.
Корта а хьовзийна, схьаэцна, шад гӏовталан кисана тесира ӏелас.
Корней а воллура цхьа хӏума-м Мовле дӏакхийдош.
– Бакъдерг аьлча, схьадохьуш-м ӏелина бохуш деара ас хӏара, – бохура цо. – Хьо воьдий а ца хаьара. Хӏан, хӏара пхийтта сом ду хьуна.
Мовла йуха ца гӏиртира ӏела санна.
– Хьо-м, Корни, адамна хӏумма а ца хууш, хьолахо ма хилла! – воьлура иза. – Хӏара суна делча, Марусас а, бераша а хӏун дийр ду?
– Хӏумма а дийр дац. Даа бепиг ду шортта. Хӏокху ахчанна са ма гатде ахь. Ши-кхо де далале ас меттахӏоттор ду. Дакъаза ма вала хьо, Чолакх Шайтӏа, хьо дӏавахча, сан гӏуллакх ма галдолу! Сайн товар ас мича дахьа деза?
– Бена хьала дига ахь. Далха волчу. Хӏан, обарг, схьавоьл сан мара. Марша ӏойла хьо. Суна са ма гатделахь. Ас сайн дакъа нахе доуьйтур дац хьуна, мичча махка вахча а!
– Марша гӏойла, Мовла…
Гӏайгӏане миноташ тӏехӏиттира.
– Хӏай веза Дела…, – элира Яковс. Цӏеххьана аз хаьдда, балдаш дегийра цуьнан. – Ма боккха бохам бу-кх хӏара…
Цуьнан букъах куьг туьйхира Маккхала.
– Сатохалахь, Яьшка. Велхар товш дац боьршачу стагехь.
– Муха ца воьлху, Маккхал? Даймахках довлуш ма ду шу…
– Хьо а, Васал а ца ваьлла Даймахках? Хӏетте а дийна ву. Дала гӏо дийр ду тхан а.
Яшкас корта ластийра.
– Тхайниг ша ма ду, дядя Маккхал. Кхузахь массанхьа а оьрсий бу, мухха делахь а, оьрсийн ӏедал а ма ду. Ткъа шу хийрачу махка доьлху. Цигахь нохчий ма бац. Хийра мохк, хийра адамаш… Марша гӏойла! Дядя Аьрзу, дядя Мӏаьчиг, марша гӏойла… Тхо диканна дагалацалаш…
Дӏа а вирзина, къайлаха бӏаьрхиш дӏахьаькхира Яковс.
Аьрзу говрана тӏехиъча, берриг а говрашна тӏехевшира.
– Хӏан-хӏани, кӏентий! – шайна тӏаьхьабевллачу нахана тӏевирзира Аьрзу. – Сарале Шела а кхаьчна, цигахь гулбеллачу нахаца буьйса а йаьккхина, кхана ӏуьйранна, хьалххе гӏевттина, Буритӏа дӏагӏур ду тхо. Цига гуллуш бу кхелхарш берриш а. Вайна мел цалаарх, къастаза ца довлу вай. Хӏара Ахьмад, Янаркъа, Абкар, Солта, Суьлти, Акхта а воцург, вуьш кхузара йухадерза. Хӏорш йалх тхоьца Буритӏа кхаччалц дӏавогӏу. Хӏокхара тхох лаьцна хабар дохьур ду шуна. Тхуна са ма гатде. Хьаьжцӏа оьхучу наха хӏор а шарахь вовшашна тӏе хабар кхачор ду