вайн. Цу тӏе, Хонкара башха гена меттиг а йац. Вай а ӏийр дац вовшашна тӏе ца кхочуш. Амма, тхох хӏун хуьлу хаъалц, цхьа а доьзал кхузара меттах ма балийта. Дохий ма хьийза. Вайгахь товш дац иза. Хӏара ӏаьржа латта бухдийларх, и сийна стигланаш тӏейелхарх, духур дац вай. Вешан турпалчу дайн бакъ кӏентий хилла, лийр ду вай цӏахь а, арахь а. Цхьанне а корта ца таӏош, цхьанненна а хьалха гора ца оьгуш. Амма маршонах догдиллина ӏийр дац. Маккхал, ахь хӏумма а олий буьсучаьрга?
Шен динна чоьже кӏажаш таӏийна, гонна йуккъе ваьлла, пӏелгаш доцу аьрру куьг лере лецира Маккхала. Хьаннашкахь кхолхадуьйлуш, генна дӏадахара цуьнан кӏеда, дуькъа аз:
Ӏа-а-а-а!
Бераллин къаьхьа кад
Мийлина тхоьца,
Цу тӏеман сийна цӏе
Кегийна тхоьца,
Бохамехь, халонгахь
Хьийзина тхоьца,
Хьомсара йуьртахой,
Шу марша ӏойла!
Шен догцӏена сийна ши бӏаьрг а хьаббина, месалчу цӏоцкъамаш йуккъе шад гулбина, иллин мукъаме терра корта а лестош, иллин йийсаре вахара иза. Улло веанчу Суьлтас шен зевне озаца тӏаьхьара айъира:
Ӏа-а-а-а!
Цӏа доцуш тхо дисча,
Дохдина латта!
Мацалло бӏарздича,
Дузийна латта!
Тхан цӏийца хьандина,
Лардина латта!
Хьо марша дуьсийла,
Дай баьхна латта!
– Хӏейт, маржа, дуьне, йаӏ!
Ӏа-а-а-а!
Буьрсачу къийсамехь
Тхан дегнаш дахчош,
Тхо майра кхиийна
Хьомсара лаьмнаш,
Доьхначу кху дийнахь
Бертаза къастарх,
Тхуна шу дицлур дац
Хийрачу махкахь…
– Хӏейт, гора, кӏентий, йаӏ! Доха ма дохалаш! Вайга хьуьйсуш бу шуна оцу хӏолламаш кӏел ӏохку вайн дай, вежарий!
Баккхийчарна тӏехьа а хӏоьттина, тийна ладоьгӏуш лаьттачу Коьрас гӏийла бӏаьрг беттара шена тӏаьххьара гучу даймехкан ӏаламе. Кху шарахь къаьсттина хаза кечделла и ӏалам тахана кхоьлина хетара цунна. Хӏетта гӏа даьккхинчу къеначу хьаннаша хьулйинера дуккха а ерчонаш гина раьгӏнаш, гунаш, ӏаннаш. Йукъ-йукъахь акха кхиъначу стоьмийн кӏайн а, можа а, цӏен а, сийна а зазаша къарзйина и беркате къена хьаннаш бӏаьрго ма-лоццу даржийначу, хаза хьийзинчу, бес-бесар бос бетталучу инзаре доккхачу холхазах тера йара. Амма хеталора, и хьаннаш, кху нехан гӏайгӏанечу мукъаме терра, хезаш аз доцуш, кийрахь йоьлхуш, техкаш санна. Шех къаьстачу берех дог ӏаьвжина,