– Малика, хьайн кӏайчу куьйгашца схьакховдадехьа соьга сан шийла герзаш.
Маликас, пенах кхозучуьра схьа а оьций, дӏакховдадо Дакашан герзаш. Уьш йукъах къовлий, къоначу нускална барт лой, шен сирчу дина а волий, иза маьждиган майдана хоьцу Дакаша. Кхузахь бу цуьнан денвежарий, нийсарой, кхузахь бу цо сий деш лера беза йуьртан тхьамданаш. Бӏаьрг бузий, Дакаше хьожу цӏарна а цӏейахана майра ӏаба.
– Йуьртан тхьамданаш, шун сий Дала ма дойъийла, эхьах-бехках шу Дала лардойла, – боху Дакаша, динара а воьссина, йуьртан тхьамданашна тӏе а вахана. – Кху доьхначу дийнахь зударшний, берашний йуккъехь йуьрта а хиъна со ӏалур вац…
– Вало, Дакаш, вало тхоьца, – боху цуьнга къеначу ӏабас. – Гӏиллакхех ловзу де дац таханлерниг. Хӏан-хӏаний, кӏентий, везачу Дала гӏо дойла-кх вайна!
Шен хьаргӏачу динан чож дагош, шед туху ӏабас. Амма Дакашан сира дин хьалха бу. Цкъа-шозза шед тухий, тӏаккха басех охьа Яьссин тогӏи чу хоьцу цо иза. Яьсси чу а ца тосуш, цунна тиллинчу готтачу тӏай тӏехула дехьаоьккхуьйту сира дин. Доттагӏчунна тӏаьхьакхиа гӏерташ, шен расха дин къинхетамза лоьллу Василийс. Ах сахьт далале Аьккхийн дукъа кхочу уьш. Кхузахь дений, кӏантаний вовшийн го.
– Бакъ дац, дада, хьуна моьттург! Буьгур бац ахь и гаураш тахана лома! – маьхьарца баттара тур а доккхий, мостагӏашна йукъа дин хоьцу Дакаша.
…Суьйранна, шен керлачу хӏусаме а деана, цӏенкъа йуккъе охьадиллира шелделла Дакашан элдара дегӏ. Къинхетам боцчу тоьпан дӏаьндарго бен бинера цуьнан майрачу дага йуккъехь.
Ткъа къона Малика, зуда хила а кхиале, жоьра йисира оцу дийнахь…
…Шераш дӏаоьхура. Нохчмахка сийначу цӏарах йагош хьалаваханчу инарло эло Барятинскийс Гунибехь йийсаре вигира Шемал.
Оцу тӏамо Дакашна тӏаьххье дӏаваьхьира ӏосин ши ваша. Йагийначу йартех туьйсу кӏур сацале тӏедеара паччахьан ӏедал а. Шена тӏетовжа гӏортор йуьрта йеанийла хиъна, ӏоса Гати-Юьрта вирзира. Хӏетахь дуьйна кхузахь йуьртда вара иза.