Йуха а татолашца ӏена дуьйлира цӏий. Амма оцу тӏамехь герз кара ца ийцира ӏосас. Шен берриг а ницкъ Гати-Юьртахь паччахьан ӏедал чӏагӏдарна тӏеберзийна, сецира иза.
Цхьанне а ца хаьара, цуьнан къиза дог цӏийх ӏабийнарг хӏун ду. Тӏамо вийначу шина вашас а, везачу кӏанта а кӏаддинера йа тӏегӏертачу къаналло кхерийнера, хаац, цуьнан тӏулган дог, амма оцу тӏаьххьарчу шина-кхаа шарахь цо йитира шен къиза амалш. Делахь а, машар бацара цунний, йуьртахошний йуккъехь. Цуьнан цӏе йаккха дезачо йамарт жӏаьла олура.
Ца везара иза цуьнан шен кӏенташна а. Хӏетте а, царна ца лаьара да вийна боху цӏе тӏеэца. Амма дийна висинчу веа кӏантах цхьамма, Саьмбис, дош-дашера масазза дели, дуьхьалветтара цунна и бахьанехь велла Дакаш. Саьмбин бӏаьргаш чохь ӏосина гора оьгӏазе йогу мостагӏаллин цӏе. Хӏетте а, вешин чӏирана кӏанта ша вен магар дагадаийта ца ваьхьара.
Гӏуллакх гена а даьлла, шаьш нахала довларна кхеравеллачу ӏосас, Бойсагӏаран гӏаттам хьаьшначул тӏаьхьа нах лоьцуш, шен кӏантана къайлаха пурстоьпе мотт бира.
Хӏетахь лаьцна Сибрех вахийтина Саьмби тӏепаза вайра…