Цхьана жерочун ворхӏ кӏант хилла. Воккхах волчу йалх вешина хезна, цхьана эвлахь йе́хаш ӏала́мат чӏо́гӏа хаза, малх-бутт коьрта тӏехь а къегаш, цхьа йоӏ йу, аьлла. И йоӏ мила йу ца хиъча, дуьне дуур дац шаьш, аьлла, араваьлла йалх ваша. Дӏавоьдуш, мацца а цкъа йалх ваша и йоӏ йолчу эвла кхаьчна. Це́ран уьйтӏа а бахана, аьлла:
— Тхоьга йагӏахьа́ра хьо.
Йоӏа жоп делла:
— Нагахь санна Байнал-Буса́ни бо́хург шуна хӏун ду хаахь, йо́гӏур йу со, — аьлла.
Йалх вешина и хӏун ду ца хиъна, ца́ра аьлла:
— И хӏун ду, тху́на хаац.
Оцу сохьтехь шага-тӏулгаш а хилла, дӏахӏоьттина йалх ваша. Цул тӏаьхьа дикка хан йаьлча, воккха хилла ворхӏалгӏа жимах волу ваша. Воккха хилча, хезна цунна а, вукхарна санна, коьрта тӏехь малх-бутт къегаш йоӏ йу цхьана эвлахь, бо́хуш. Шен не́не и йоӏ йа́ло воьду ша́, аьлла кӏанта.
На́на дуьхьалйаьлла:
— Ма гӏахьа́ра хьо. Хьан йалх ваша, цига ва́ханчохь, велла,— аьлла.
Кӏант, на́нас иштта боххушехь, иза хьаста а хьаьстина, дика кеч а велла, новкъа ваьлла.
Дӏавоьдуш, йоӏ йолчу эвла кхаьчна. Цу эвла кхаьчча, нахе хаьттина, йоӏ мичахь ӏаш йу, аьлла. Лула-кертахь ӏаш йолчу цхьана Жоьра-Ба́бас, ша́ йолчу а ва́лийна, дийцина кӏантана, цигахь цу йоӏа хеттарш деш, жоп ца делча, шага-тӏулгаш а беш, дукха нах байина, бо́хуш.
Тӏаккха хьехар дина кӏантана:
— Йоӏ йолчу керта чу а ва́лий, ала, соьга йолахьа. Цо жоп лур ду хьу́на, йо́гӏур йу-кх, хьу́на Байнал-Буса́ни бо́хург хӏун ду хаахь, аьлла. И-м хӏокху сохьтехь хуур дара су́на, а́лий, динна шед а тохий, кертара сиха а́раэккха. Цига́ра а́раваьлча, дин дӏахецций, новкъа ва́ла. Дӏавоьдуш, цхьана а́рахь исс наьрт-орстхо волчу кхо́чур ву хьо. Дуьххьара хьо тӏекхо́чу волу бархӏ наьрт-орстхо-воккхачу наьрт-орстхочун тӏаьхье йу хьу́на, ша́-ша́ ва́ха охьахоьвшина. Дуьххьарниг чухьодур ву хьу́на, мох-дарц айдина, ге́нара дуьйна йоккха чхьонкар кхуьйсуш. Цунна, шек а во́цуш, тӏехва́ла хьо.
Шолгӏаниг кхин а буьрса чухьодур ву хьу́на, кхоалгӏаниг кхин а буьрса хьодур ву.