Тӏаьхь-тӏаьхьара тӏеттӏа буьрса буьйлуш, чхьонкарш а кхуьйсуш, чухьовдур бу хьу́на уьш. Ахьа, хьо кхеравеллехь а, кхеравеллий ма хаийталахь. Тӏаьххьара уьссалгӏа наьрт- орстхо волчу кхаьчча, цунах лата а латий, и кхера а вай, дийцийта хьайна, Байнал-Буса́ни бо́хучуьнан маьӏна хӏун ду. Цул тӏаьхьа йоӏ йо́гӏур йу хьоьга.
Йоӏ йолчу керта а иккхина, тӏаккха мохь а тоьхна, новкъа ваьлла кӏант воьдуш, Жоьра-Ба́бас ма-аллара, кхунна дуьхьал ваьлла наьрт-орстхо. Кӏантана дуьхьал кхеттачу жимах волчу наьрт-орстхочо, мох-дарц тоьхна, ӏаь гӏаттийна, ге́нара дуьйна чхьонкар а кхуьйсуш. Шек а во́цуш, иза тергал а ца веш, дӏавоьдуш хилла кӏант. Наьрт-орстхо, тӏекхетта, цунах тасавелла. Кӏанта, хьала а айбина, лаьттах тоьхна наьрт-орстхо, цуьнан ӏаьлдаьӏахк а ца йуьтуш, вийна.
Шолгӏаниг а, кхоалгӏаниг а вийна. Наьрт-орстхой хӏаллакбеш дӏавоьдуш, бархӏалгӏачунна тӏе кхаьчна кӏант. Цигахь бархӏалгӏачу наьрт-орстхочух вехха тийсавелла кӏант. Цу шинна тӏера охьаихначу хьацаро гоьлллелц хатт баьккхина. И наьрт- орстхо а вийна, дӏаиккхина воьдучу кӏантана дуьхьал уссалгӏа воккхах волу наьрт-орстхо ваьлла, беттачу когаша латта синош, доьӏучу сино мархаш лоьхкуш, стиглахь ченан кӏур, дарц, мох а айбина, айа ма-ллу йоккха чхьонкар ге́нара кхуьйсуш. Шен динара охьа а воьссина, наьрт-орстхочух тасавелла кӏант. Кхаа дийнаххьий, кхаа бусий тийсавелла и шиъ.
Тӏаьххьара кӏанта, шаьшшинна тӏера ихначу хьацаро баьккхинчу хотталахь, лаккха стигала хьала а айбина, лаьттах тоьхна, гӏодайуккъелц лаьттах вахийтина наьрт-орстхо.
Хьалаиккхинчу наьрт-орстхочо кӏант белшшелц лаьтгах вахийтина.
Тӏаккха оьгӏазва́ханчу кӏанта, хьала а иккхина, наьрт-орстхо чӏенггелц лаьттах вахийтина.
Наьрт-орстхочо кӏанте аьлла:
— Хӏун оьшу хьу́на, схьаа́ла, вен ца вуьйш, лаьттах хьала а ваккхахьара со. Лерг лаьцна, озийна, лаьттах наьрт-орстхо хьала а ваьккхина, кӏанта аьлла:
— Су́на кхин хьоьгара хӏумма а ца оьшу, цхьа Байнал-Буса́ни бо́хург, хӏун ду хаар бен.
Иза ахьа а́лахь, ца вуьйш вуьтур ву хьо.
Наьрт-орстхочо аьлла: